Números


  • |Números 33:1| ХӀорш ю Мусан а, АхӀаронан а куьйга кӀел а далош, шайн тӀеман тобанашка хьаьжжина, Мисар-махкара халкъ арадаьллачул тӀаьхьа, исраилхоша шайн меттаметтанаш хӀиттийна меттигаш.

  • |Números 33:2| Везачу Эло шена тӀедиллина ма-хиллара, халкъо некъ бечу хенахь, уьш севцина меттигийн цӀераш дӀаязйинера Мусас. Иза новкъахь сецна меттигаш хӀорш ю:

  • |Números 33:3| РаӀамсас-гӀалара уьш арабевлира хьалхарчу беттан пхуьйтталгӀачу дийнахь, Пасахьан де чекхдаьллачу шолгӀачу дийнахь. Мисар-махкарчу массо а халкъана а гуш, майрра новкъа бевлира исраилхой.

  • |Números 33:4| Цу хенахь Везачу Эло хӀаллакбина болу шайн берриге а хьалха дуьнен чу бевлларш дӀабухкуш бара мисархой. Иштта кхел йинера Везачу Эло церан деланашна.

  • |Números 33:5| Цу тайпана, РаӀамсасера ара а даьлла, Сакхат цӀе йолчу меттигехь шайн меттамотт дӀахӀоттийра Исраилан халкъо.

  • |Números 33:6| Сакхатара дӀа а бахана, яьссачу аренан йистехь лаьттачу Атамехь дӀахӀоттийра цара шайн меттамотт.

  • |Números 33:7| Атамера ара а бевлла, БаӀал-Цепонна малхбалехь лаьтта Пи-ХӀахьират йолчу дӀабирзира уьш. Мигдол-меттигна уллохь дӀахӀоттийра цара шайн меттамотт.

  • |Números 33:8| Пи-ХӀахьиратера ара а бевлла, хӀорда юккъехула чекх а бевлла, яьссачу ара баьхкира уьш. Атам цӀе йолчу яьссачу аренгахула кхаа дийнахь некъ а бина, Марра цӀе йолчу меттигехь меттамотт дӀахӀоттийра цара.

  • |Números 33:9| Марра цӀе йолчу меттера ара а бевлла, Элиме баьхкира уьш. Ткъа Элимехь дара шийтта хин хьоста а, кхузткъе итт хурманийн дитт а. Цигахь шайн меттамотт дӀахӀоттийра цара.

  • |Números 33:10| Элимера дӀа а бахана, Эрзийн-хӀордана уллохь дӀахӀоттийра цара шайн меттамотт.


COOKIES

Usamos cookies para brindarle una mejor experiencia, mejorar el rendimiento, analizar cómo interactúa en nuestro sitio web y personalizar el contenido. Al utilizar este sitio web, acepta el uso de cookies.

Datos Esenciales

Se necesitan datos esenciales para ejecutar el sitio web que está visitando. No puede deshabilitarlos.