-
|Números 33:41| ХӀор-лома тӀера дӀа а бевлла, исраилхоша Цалмуна-меттехь шайн меттамотт дӀахӀоттийра.
-
-
-
|Números 33:42| Цалмунера дӀа а бахана, Пунонехь шайн меттамотт дӀахӀоттийра цара.
-
-
-
|Números 33:43| Пунонера дӀа а бахана, Обатехь дӀахӀоттийра цара шайн меттамотт.
-
-
-
|Números 33:44| Обатера дӀа а бахана, Муаби-мехкан дозанехь йолчу, Ӏий-Ӏабарим цӀе йолчу меттехь шайн меттамотт дӀахӀоттийра цара.
-
-
-
|Números 33:45| Ӏий-Ӏабаримера дӀа а бахана, Дибон-Гадехь дӀахӀоттийра цара шайн меттамотт.
-
-
-
|Números 33:46| Дибон-Гадера дӀа а бахана, Ӏалмун-Диблатайм цӀе йолчу меттигехь дӀахӀоттийра цара шайн меттамотт.
-
-
-
|Números 33:47| Ӏалмун-Диблатаймера дӀа а бахана, Ӏабарим цӀе йолчу лаьмнашкахь, Набу-меттигна уллохь дӀахӀоттийра цара шайн меттамотт.
-
-
-
|Números 33:48| Ӏабарим-лаьмнашкара дӀа а бахана, Муаби-мехкан аренашкахь, Ерихон-гӀалина юххехь долчу Йордан-хин йистехь дӀахӀоттийра цара шайн меттамотт.
-
-
-
|Números 33:49| Муаби-мехкан аренашкахь Йордан-хин йистехь лаьттачу Байт-Яшимут-гӀалина тӀера Абал-Шитаймана тӀекхаччалц йолчу меттигашкахь дӀахӀиттийра исраилхоша шайн тобанийн меттаметтанаш.
-
-
-
|Números 33:50| Веза Эла вистхилира Мусага Муаби-мехкан аренашкахь, Ерихон-гӀалина юххехь долчу Йордан-хин йистехь уьш лаьттачу хенахь:
-
-
Portugués
Italiano
Español
Inglés
Francés
Arábica
Mandarín
Hindi
Alemán
Делан Йозанаш
