-
|Números 2:1| Везачу Эло Мусага а, АхӀароне а элира:
-
-
-
|Números 2:2| «Исраилан халкъо шайн меттаметтанаш, къеста а деш, гуламан четарна гонах дӀахӀитто деза. ХӀора стага шен тайпанан байракх хьалаайинчохь, шен доьзалан билгало йолчохь, меттамотт дӀахӀотто беза.
-
-
-
|Números 2:3| Малхбалехьа, малх схьакхетачу агӀор, ЯхӀудан тайпанан меттаматтан байракх хьалаойур ю, ткъа оцу тайпанах болу нах, шайн тӀеман тобанашка хьаьжжина, цигахь дӀанислур бу. ЯхӀудан тайпанна тӀехь куьйгалла дийр ду Ӏамминадабан кӀанта Нахьшона.
-
-
-
|Números 2:4| Цуьнан эскарехь вагарвинарг кхузткъе вейтта эзар ялх бӀе тӀемало ву (74600).
-
-
-
|Números 2:5| ЯхӀудан тайпанна юххехь Иссарханан тайпано шен меттамотт дӀахӀоттор бу. Оцу тайпанна тӀехь куьйгалла дийр ду ЦуӀаран кӀанта Натунаила.
-
-
-
|Números 2:6| Цуьнан эскарехь вагарвинарг шовзткъе вейтта эзар виъ бӀе тӀемало ву (54400).
-
-
-
|Números 2:7| ЯхӀудан тайпанна юххехь Забулан тайпано а шен меттамотт дӀахӀоттор бу. Оцу тайпанна тӀехь куьйгалла дийр ду Хьелонан кӀанта Элиаба.
-
-
-
|Números 2:8| Цуьнан эскарехь вагарвинарг шовзткъе вуьрхӀитта эзар виъ бӀе тӀемало ву (57400).
-
-
-
|Números 2:9| ЯхӀудан меттаматтахь вагарвинарг верриге а цхьа бӀе везткъе ялх эзар виъ бӀе стаг ву, шайн тӀеман тобанашка хьаьжжина. Уьш исраилхой дӀабоьлхуш хьалхабевлла баха беза.
-
-
-
|Números 2:10| Къилбехьа йолчу агӀор Раабанан тайпанан меттаматтан байракх хьалаойур ю, ткъа оцу тайпанах болу нах, шайн тӀеман тобанашка хьаьжжина, цигахь дӀанислур бу. Оцу тайпанна тӀехь куьйгалла дийр ду Шидауран кӀанта Элицура.
-
-
Portugués
Italiano
Español
Inglés
Francés
Arábica
Mandarín
Hindi
Alemán
Делан Йозанаш
