-
|Números 4:1| Везачу Эло Мусага а, АхӀароне а элира:
-
-
-
|Números 4:2| «Левин тӀаьхьенах долчу КхахӀатан гаранах болу берриге а боьрша нах багар а бай, хьесап де, церан тукхамашка а, доьзалшка а хьаьжжина.
-
-
-
|Números 4:3| Ткъе итт шарера шовзткъе итт шаре бевлла гуламан четар чохь гӀуллакх дан магийтина болу берриге а нах багарбе.
-
-
-
|Números 4:4| КхахӀатан тӀаьхьенах болчу нахана гуламан четар чохь бан тӀебехкина болу белхаш уггар езачу хӀуманашца боьзна бу.
-
-
-
|Números 4:5| Меттамотт болчуьра исраилхой новкъа бовлуш, АхӀароне а, цуьнан кӀенташка а, Делан четар чу а бовлийтий, тоьшаллин тӀорказна дуьхьал оьллина кирхьа схьаэцийта. Иза тӀорказна тӀетасийта.
-
-
-
|Números 4:6| Цул тӀаьхьа цу тӀорказна тӀе хӀордан дийнатийн кӀеда тӀаьрсиган тӀетосург тасийта. Ткъа цунна тӀехула сийна бос болу тӀергӀан кӀади а тасий, тӀорказан хьокхий шен чӀагарех чекхдахийта.
-
-
-
|Números 4:7| Иштта даздина баьпкаш тӀехь долчу стоьла тӀе а тасийта сийна басахь йолу шаршу. Цу тӀе бошхепаш, еш, боганаш, чагӀаран сагӀанаш чудутту кедаш охьадахка. Гуттар а цигахь хила деза бепиг а латтаде цу тӀехь.
-
-
-
|Números 4:8| Оцу массо а хӀуманна тӀехула цӀен басахь долу кӀади тӀедиллийта. Ткъа цу тӀе хӀордан дийнатийн кӀедачу тӀаьрсиган тӀетосург тасийта. ТӀаккха хьокхий стоьлан чӀагарех чекхдахийта.
-
-
-
|Números 4:9| Цул тӀаьхьа сийна бос болу тӀергӀан кӀади тасийта серло луш болчу стогарна тӀе а, цуьнан къуьданашна а, тукаршна а, богуш берг дӀасабахьачу нойшна а, къуьданаш чу дутту даьтта чохь долчу кхабанашна а тӀе.
-
-
-
|Números 4:10| И ерриг хӀума а, хӀордан дийнатийн кӀедачу тӀаьрсиган шаршу тӀе а тасий, дӀасакхоьхьучу экханна тӀе яхкийтийта.
-
-
Portugués
Italiano
Español
Inglés
Francés
Arábica
Mandarín
Hindi
Alemán
Делан Йозанаш
