-
|Números 17:1| Везачу Эло Мусага элира:
-
-
-
|Números 17:2| «Исраилан халкъе дӀа а алий, церан тайпанашка хьаьжжина, шийтта Ӏаса схьаэца, хӀора тайпанан куьйгалхочуьнгара цхьацца Ӏаса. Церан хӀораннан цӀе шен Ӏасанна тӀе дӀаязъе.
-
-
-
|Números 17:3| АхӀаронан цӀе Левин тайпанан Ӏасан тӀе дӀаязъе. ХӀора тайпанан куьйгалхочо шайн тайпанах цхьацца Ӏаса схьаян еза.
-
-
-
|Números 17:4| И Ӏасанаш гуламан четар чуьра тоьшаллин тӀорказна хьалха охьаяхка, Со шуна юкъахь хуьлучу метте.
-
-
-
|Números 17:5| Шуна юкъара Аса схьахаьржинчу стеган Ӏасано заза доккхур ду. Иштта сацор ю Аса исраилхоша шуна дуьхьал еш йолу хамталлаш».
-
-
-
|Números 17:6| Мусас Исраилан халкъе дӀахаийтира иза. Куьйгалхоша шийтта Ӏаса схьаеара, хӀора тайпанан куьйгалхочуьнгара цхьацца Ӏаса, церан тайпанашка хьаьжжина. Царна юкъахь АхӀаронан Ӏаса а яра.
-
-
-
|Números 17:7| Мусас тоьшаллин четар чу, Везачу Элана хьалха, охьаехкира и Ӏасанаш.
-
-
-
|Números 17:8| ШолгӀачу дийнахь Муса тоьшаллин четар чу ваьлча, цунна, хьаьжча, Левин тайпанца йоьзна йолчу АхӀаронан Ӏасано, заза а даьккхина, чӀенгаш тесна хилар гира. Ур-атталла, тӀе зезагаш а даьлла, миндал олу, бӀаран тайпа болу, стом беллера цо.
-
-
-
|Números 17:9| Ерриге а Ӏасанаш, Везачу Элана хьалха йолчу меттера ара а яьхна, Исраилан халкъе дӀагайтира Мусас. Массо а адам оцу Ӏасанашка хьаьжира, ткъа хӀора куьйгалхочо шен Ӏаса дӀаийцира.
-
-
-
|Números 17:10| Везачу Эло Мусага элира: «АхӀаронан Ӏаса, чу а хьой, юха а тоьшаллин тӀорказна хьалха охьайилла. Иза хамталлаш еш болчарна билгалонна хир ю, церан Суна резацахилар сацорхьама а, уьш ца балийтархьама а».
-
-
Portugués
Italiano
Español
Inglés
Francés
Arábica
Mandarín
Hindi
Alemán
Делан Йозанаш
