-
|Números 31:1| Везачу Эло Мусага элира:
-
-
-
|Números 31:2| «Исраилан халкъана тӀера маданхошна бекхам бе, цул тӀаьхьа хьо, дӀа а кхелхина, хьайн дайх дӀакхетар ву».
-
-
-
|Números 31:3| Мусас халкъе элира: «Шайна юкъарчу цхьаболчу нехан кара герз ло. Везачу Элан дуьхьа маданхошна бекхам бан тӀаме бахийта уьш.
-
-
-
|Números 31:4| Исраилхойн дерриге а тайпанашкара хӀора тайпанна юкъара эзар стаг тӀаме дӀахьажаве».
-
-
-
|Números 31:5| Иштта, хӀора тайпанара эзар стаг дӀа а къастийна, тӀом бан кийча волу шийтта эзар исраилхо къобалвира цо.
-
-
-
|Números 31:6| ХӀора тайпанара волу эзар стаг а, динан ден ЭлиӀазаран кӀант Пайнехьас а тӀаме дӀахьажийра Мусас. Пайнехьасан кара дӀаелира езачу меттера йолу пхьегӀаш а, тӀамехь локху турбанаш а.
-
-
-
|Números 31:7| Везачу Эло Мусана тӀедиллина ма-хиллара, тӀамца маданхошна тӀебахара уьш. Боьрша нах берриге байира цара.
-
-
-
|Números 31:8| Байинчарна юкъахь вара маданхойн пхиъ паччахь: Ивай, Рекхам, Цура, Хьор, РебаӀ. БеӀаран кӀант БалиӀам а вийра цара туьраца.
-
-
-
|Números 31:9| Ткъа маданхойн зударий а, церан бераш а исраилхоша йийсаре дигира. Церан дерриге а хьайбанаш а, жаш а, церан долахь хилла долу хӀума а шайна хӀонсана дӀадаьхьира цара.
-
-
-
|Números 31:10| Маданхойн долахь хилла йолу ерриге а гӀаланаш а, меттаметтанаш а цара цӀе тесна ягийра.
-
-
Portugués
Italiano
Español
Inglés
Francés
Arábica
Mandarín
Hindi
Alemán
Делан Йозанаш
