-
|Números 31:21| Динан дас ЭлиӀазара тӀамера схьабаьхкинчу тӀемалошка элира: «Везачу Эло Мусагахула тӀедиллина долу товрат-хьехаман парз иштта ду:
-
-
-
|Números 31:22| деши а, дети а, цӀаста а, эчиг а, гӀели а, даш а,
-
-
-
|Números 31:23| дерриг а цӀергахь дахчо мегаш долу хӀума, иза цӀандархьама, цӀерах чекхдаккха. Цул сов, и дерриг а хица цӀанде. Иштта цӀергахь догур долу хӀума а хих чекхдаккха.
-
-
-
|Números 31:24| Шайна тӀера бедарш ворхӀалгӀачу дийнахь аша йитта еза. Цул тӀаьхьа шу Далла хьалха цӀена хир ду, шуна меттаматте дахка магийтина ду».
-
-
-
|Números 31:25| Везачу Эло Мусага элира:
-
-
-
|Números 31:26| «Схьаяьккхина еана хӀонс ахьа а, динан дас ЭлиӀазара а, халкъан тайпанийн куьйгалхоша а ягаръе, адамашна тӀера дуьйна бежанна тӀекхаччалц.
-
-
-
|Números 31:27| И хӀонс шина декъе екъа тӀамера схьабаьхкинчу тӀемалошна а, дисинчу халкъана а юкъахь.
-
-
-
|Números 31:28| ТӀамехь хиллачу тӀемалошкара Везачу Элана йогӀучу йолана схьаэца хӀора чохь са долчу пхи бӀе хӀуманна юкъара цхьаъ — адамаш, хьайбанаш, варраш, уьстагӀий я гезарий уьш елахь.
-
-
-
|Números 31:29| Церан ахдекъана юкъара схьа а эций, динан дега ЭлиӀазаре дӀало иза, Везачу Элана совгӀатна лерина.
-
-
-
|Números 31:30| Исраилан халкъан ахдекъах схьадаьккхинчух хӀора шовзткъе иттанна юкъара цхьаъ схьаэца — адамаш а, хьайбанаш а, варраш а, уьстагӀий а, гезарий а уьш елахь. Везачу Элан четарна юххехь ха деш болчу левихошка дӀало уьш».
-
-
Portugués
Italiano
Español
Inglés
Francés
Arábica
Mandarín
Hindi
Alemán
Делан Йозанаш
