Números


  • |Números 24:1| БалиӀамна гора, Исраилан халкъ декъалдар Везачу Элана тамехь хилар, цундела цо, ша хьалха шозза деш ма-хиллара, пал а ца тосуш, шен юьхь яьссачу аренгахьа ерзийра.

  • |Números 24:2| Яьссачу аренга дӀахьаьжча, БалиӀамна дерриг а Исраилан халкъ гира, шен тайпанашца, меттамотт а хӀоттийна, лаьтташ. Делан Са доьссира БалиӀамна тӀе.

  • |Números 24:3| БалиӀама хӀара дешнаш элира: «БеӀаран кӀанта БалиӀама бина Делера хаам а, сирла бӀаьргаш болуш волчун хаам а бу хӀара.

  • |Números 24:4| Делан дешнаш хезаш волчун хаам бу хӀара. Нуьцкъалчу Дала сайна хьалха хӀоттийна сурт, лаьтта а вужий, дӀабиллинчу бӀаьргашца го суна.

  • |Números 24:5| Якъубан халкъ! Мел хаза ду-кх хьан четарш! Исраилан халкъ! Ма хаза ю-кх хьан хӀусамаш!

  • |Números 24:6| ТогӀеш санна, дӀасаяьржина уьш, хин йистошкара бошмаш санна, ю уьш! Везачу Эло дӀадоьгӀна долу хаза хьожа йоуьйту сарап санна, ю уьш! Хиш долчохь лаьтташ долу баганан дитташ санна, ю уьш!

  • |Números 24:7| Церан чийлакаш 14 чуьра хи лаьтта тӀехъоьхур ду, церан хӀух схьабевллачарна алссам хи хир ду. АгӀаг-паччахьал а лакхара хир ву церан паччахь. Сийлахь а хилла дӀахӀуттур ю церан паччахьалла!

  • |Números 24:8| Дала Мисар-махкара арадаьккхина и халкъ. БугӀанан маӀашкахь болу ницкъ бу цуьнгахь. Шена дуьхьалдевлла халкъаш цоьсту цо, мостагӀчун даьӀахкаш а оту цо, шен пхерчий а кхуьссу цунна тӀе.

  • |Números 24:9| Дижина Ӏуьллучу лоьмах тера ду и халкъ. Хьан доккхур дара иза меттах? Хьо декъалвийриг декъала ву, ткъа хьуна неӀалт кхайкхош волчунна неӀалт кхайкхор ду!»

  • |Números 24:10| ТӀаккха Балакх чӀогӀа дарвелира БалиӀамна. Шен куьйгаш вовшах а тухуш, цо БалиӀаме элира: «Аса сайн мостагӀашна неӀалт хьажо схьавалийнера хьо, ткъа ахьа хӀинца кхозлагӀа а уьш декъалбеш бу.


COOKIES

Usamos cookies para brindarle una mejor experiencia, mejorar el rendimiento, analizar cómo interactúa en nuestro sitio web y personalizar el contenido. Al utilizar este sitio web, acepta el uso de cookies.

Datos Esenciales

Se necesitan datos esenciales para ejecutar el sitio web que está visitando. No puede deshabilitarlos.