-
|Números 21:1| КанаӀан-махкахь къилбехь вехаш волчу канаӀанхойн паччахьна Ӏародна хиира, Атарайме богӀучу новкъахула исраилхой схьабогӀуш буйла. Цаьрца тӀаме а ваьлла, масех исраилхо йийсаре вигира цо.
-
-
-
|Números 21:2| ТӀаккха Исраилан халкъо Везачу Элана чӀагӀо йира: «Нагахь цу халкъана тӀехь толам баккха тхуна Ахь гӀо дахь, оха церан гӀаланаш йохийна охьайохкур ю», — аьлла.
-
-
-
|Números 21:3| Исраилхойн дехар а хезна, царна гӀо дира Везачу Эло. КанаӀанхой а, церан гӀаланаш а хӀаллак а йина, цу меттигна Хьорма цӀе тиллира исраилхоша (иза «хӀаллакьяр» бохург ду).
-
-
-
|Números 21:4| ХӀор-лома тӀера ЦӀечу хӀорда 11 тӀе боьдучу новкъахула дӀабахара уьш, Эдоман махкана уллохула ца бовлархьама. Новкъахь нехан собар кхачийра.
-
-
-
|Números 21:5| Далла а, Мусана а лен буьйлабелира уьш: «Кху яьссачу арахь далийта даьхна аша тхо Мисарара ара? Кхузахь я бепиг а, я хи а дац. Тхуна бӀаьрга бан а ца беза и декъаза кхача 12».
-
-
-
|Números 21:6| Везачу Эло халкъана тӀе дӀаьвше лаьхьарчий хийцира. Цара лецна, исраилхойх дукха нах белира.
-
-
-
|Números 21:7| Мусана тӀе а баьхкина, исраилхоша элира: «Везачу Элана а, хьуна а лен а лийна, къа латийна оха. ДоӀа дехьа Везачу Эле, Цуьнга лаьхьарчий дӀадахахьара алий». Мусас нахана тӀера доӀа дира Везачу Эле.
-
-
-
|Números 21:8| Везачу Эло Мусага элира: «ЦӀестан лаьхьа а бай, хьокхана тӀе тоха иза. Лаьхьано це тоьхнарг, цӀестан лаьхьане хьаьжча, дийна вуьсур ву».
-
-
-
|Números 21:9| Мусас, цӀестан лаьхьа а бина, иза хьокхана тӀе туьйхира. Лаьхьано це тоьхна стаг, цӀестан лаьхьане хьаьжча, дийна вуьсура.
-
-
-
|Números 21:10| Цигара дӀа а бахана, Обат олучу меттехь севцира исраилхой.
-
-
Portugués
Italiano
Español
Inglés
Francés
Arábica
Mandarín
Hindi
Alemán
Делан Йозанаш
