Números


  • |Números 27:1| Хьепаран кӀентан а, ГалӀадан кӀентан а, Макиран кӀентан а, Маннашан кӀентан а, Юсупан кӀант волчу Цалпихьадан пхи йоӀ яра: Махьила, НуӀат, Хьугила, Малка, Тирца.

  • |Números 27:2| И зударий, гуламан четаран чуволлучу метте а баьхкина, Мусана а, динан дена ЭлиӀазарна а, халкъан куьйгалхошна а, дерриг Исраилан халкъана а хьалха дӀахӀиттира. Цара элира:

  • |Números 27:3| «Яьссачу арахь тхан да велира. Везачу Элана дуьхьалваьллачу Кхорахьна тӀаьхьахӀиттинчу нахана юкъахь вацара иза, ткъа шех даьлла къа бахьана долуш веллера иза. Тхан ден кӀентий бацара.

  • |Números 27:4| Тхан ден кӀентий ца хиларна, цуьнан цӀе дуьнен чуьра дӀаяйа езий те? Тхан ден вежаршна юкъахь тхуна а лаьттан дакъа кхачийтахьара».

  • |Números 27:5| Мусас и гӀуллакх Везачу Элана тӀедаьхьира.

  • |Números 27:6| Везачу Эло Мусага жоп делира:

  • |Números 27:7| «Цалпихьадан йоӀарша нийса боху. Церан ден вежаршна юкъахь царна а лаьттан дакъа кхачийта. Церан дена догӀуш хилла долу лаьттан дакъа цуьнан метта царна кхачаде.

  • |Números 27:8| Ткъа Исраилан халкъана тӀе а дуьллуш, хӀара дӀахьедар де: „Нагахь цхьаннан кӀант ца хиллехь, иза велча, цу стеган лаьттан дакъа цуьнан йоӀана дӀадала деза.

  • |Números 27:9| Ткъа нагахь стеган йоӀ а ца хиллехь, цу стеган лаьттан дакъа цуьнан вежаршна дӀадала деза.

  • |Números 27:10| Нагахь санна цу стеган вежарий ца хиллехь, цуьнан лаьттан дакъа дӀадала деза цуьнан ден вежаршна.


COOKIES

Usamos cookies para brindarle una mejor experiencia, mejorar el rendimiento, analizar cómo interactúa en nuestro sitio web y personalizar el contenido. Al utilizar este sitio web, acepta el uso de cookies.

Datos Esenciales

Se necesitan datos esenciales para ejecutar el sitio web que está visitando. No puede deshabilitarlos.