-
|Números 32:1| Раабанхойн а, гадахойн а вуно дукха жаш дара. ЯӀзиран а, ГалӀадан а мехкаш жа дажорна дика хилар гира царна.
-
-
-
|Números 32:2| Цара, Мусана а, динан дена ЭлиӀазарна а, халкъан баьччанашна а тӀе а баьхкина, элира:
-
-
-
|Números 32:3| «Ӏатрут а, Дибон а, ЯӀзир а, Нимра а, Хьешбон а, ЭлиӀала а, Себам а, Набу а, БаӀун а гӀаланаш
-
-
-
|Números 32:4| тӀехь йолу а, Везачу Эло Исраилан халкъана хьалха эшийна болу а и мохк жа дажорна дика бу, ткъа хьан ялхойн жаш ду».
-
-
-
|Números 32:5| Цара элира: «Нагахь хьо тхуна реза велахь, хӀара мохк хьайн лешна дола схьалохьа. Ма дахахь тхо Йордан-хил дехьа».
-
-
-
|Números 32:6| Гадахошка а, раабанхошка а Мусас элира: «Шун вежарий тӀаме баха беза, ткъа шу кхузахь дуьсур ду?
-
-
-
|Números 32:7| Везачу Эло деллачу лаьтта тӀе даха дезарх дог хӀунда доккху аша Исраилан халкъан?
-
-
-
|Números 32:8| Аса Кхадеш-БарнаьӀара шаьш цу лаьтте хьажа дахийтинчу хенахь шун дайша а дира изза.
-
-
-
|Números 32:9| Ашкул цӀе йолчу тогӀи чу а кхаьчна, и мохк гира царна. Амма шайна Везачу Эло деллачу лаьттах исраилхойн дог даьккхира, цара уьш цу тӀе а ца бохуьйтуш.
-
-
-
|Números 32:10| Цу дийнахь Веза Эла чӀогӀа оьгӀазвахара. Цо, чӀагӀо а еш, элира:
-
-
Portugués
Italiano
Español
Inglés
Francés
Arábica
Mandarín
Hindi
Alemán
Делан Йозанаш
