-
|Números 32:31| Гадахоша а, раабанхоша а, жоп а луш, элира: «Везачу Эло хьан ялхой долчу тхоьга де аьлларг кхочушдийр ду оха.
-
-
-
|Números 32:32| Везачу Элана хьалха тхо, тӀамана кийча а долуш, Йордан-хил дехьадевр ду, амма тхуна кхочун долу лаьттан дакъош Йордан-хина кху агӀор хир ду».
-
-
-
|Números 32:33| Мусас дӀаелира гадахошна а, раабанхошна а, Юсупан кӀентан Маннашан ахтайпанна а эмархойн паччахь хилла волчу Сихьонан пачхьалкх а, Башанан паччахь хилла волчу ӀовгӀин пачхьалкх а — берриге а и мохк а, цунна тӀехь йолу гӀаланаш а, гӀаланашна гонах долу латтанаш а.
-
-
-
|Números 32:34| Гадахоша юхаметтахӀиттийра иштта гӀаланаш: Дибон, Ӏатрут, ӀаруӀер,
-
-
-
|Números 32:35| Ӏатрут-Шупан, ЯӀзир, ЙогӀбахӀа,
-
-
-
|Números 32:36| Байт-Нимра, Байт-ХӀаран. Царах гадахоша чӀагӀйина гӀаланаш йира. Иштта шайн жашна гӀотанаш а йира цара.
-
-
-
|Números 32:37| Раабанхоша юхаметтахӀиттийра Хьешбон, ЭлиӀала, Кхиръятим,
-
-
-
|Números 32:38| иштта Набу а, БаӀал-МаӀун а (тӀаьхьо церан цӀераш хийцинера), иштта Сибма-гӀала а. Шаьш юхаметтахӀиттийначу гӀаланашна цӀераш техкира цара.
-
-
-
|Números 32:39| Маннашан кӀант волчу Макиран тӀаьхьенаша, ГалӀад-махка а бахана, цигара эмархой дӀа а лаьхкина, иза дӀалецира.
-
-
-
|Números 32:40| Иштта Мусас ГалӀад-мохк Маннашан кӀант волчу Макиран тӀаьхьенийн дола дӀабелира, ткъа уьш цигахь баха охьахевшира.
-
-
Portugués
Italiano
Español
Inglés
Francés
Arábica
Mandarín
Hindi
Alemán
Делан Йозанаш
