-
|Números 32:11| „Мисар-махкара арадаьллачу, ткъа шо а, цул лакхара а хан йолчу хӀокху халкъана гур дац Аса ИбрахӀиме а, Исхьакхе а, Якъубе а, чӀагӀо а еш, лур ду аьлла долу латта, уьш кхоччуш Суна тешаме ца хилла дела.
-
-
-
|Números 32:12| Кхеназхо волчу Епунин кӀантана Килабана а, Нунин кӀантана ЮшаӀна а бен гур дац и латта, хӀунда аьлча уьш Везачу Элана кхоччуш тешаме бисира“.
-
-
-
|Números 32:13| Веза Эла чӀогӀа оьгӀазвахара Исраилан халкъана. Цо шовзткъа шарахь яьссачу аренгахула лелийра уьш, Шена хьалха зулам дина долчу цу халкъан гара делла чекхдаллалц.
-
-
-
|Números 32:14| Ткъа хӀинца, Везачу Элан Исраилан халкъана оьгӀазвахар чӀагӀдалийтархьама, къинойх дуьзна долу шун гара дуьхьалдаьлла, шайн дай санна.
-
-
-
|Números 32:15| Нагахь санна шу Везачу Элах дӀадерзахь, Цо юха а дерриг а хӀара халкъ яьссачу арахь дуьтур ду, ткъа шу бахьана долуш, царна тӀе бохам богӀур бу».
-
-
-
|Números 32:16| Цу наха, Мусана тӀе а баьхкина, элира: «Оха кхузахь тхайн жа чудерзо гӀотанаш а йийр ю, тхайн зударшна а, берашна а гӀаланаш а йийр ю.
-
-
-
|Números 32:17| Ткъа тхо, кара герз а эцна, Исраилан халкъана хьалха а девлла, дӀагӀур ду, шайн меттиге оха уьш дӀабиггалц. Тхайн бераш, кху махкарчу бахархошкахьара царна кхерам ца хилийтархьама, чӀагӀйинчу гӀаланашкахь дуьтур ду оха.
-
-
-
|Números 32:18| Исраилан халкъах волчу хӀора стага а шена кхочун долу лаьттан дакъа дӀалаьцначул тӀаьхьа бен тхешан цӀа доьрзур дац тхо.
-
-
-
|Números 32:19| ХӀунда аьлча оха схьаоьцур дацара цаьрца цхьаьна Йордан-хил дехьа агӀор а, кхидӀа а долу лаьттан дакъош, нагахь тхайна лаьттан дакъош Йордан-хина кху агӀор малхбалехьа нисделча».
-
-
-
|Números 32:20| Мусас цаьрга элира: «Нагахь шу иштта лелахь — тӀаме дахархьама, Везачу Элана хьалха аша шайн кара герз схьа а эцахь,
-
-
Portugués
Italiano
Español
Inglés
Francés
Arábica
Mandarín
Hindi
Alemán
Делан Йозанаш
