-
|Números 20:1| Хьалхарчу баттахь берриг а исраилхой, Цин цӀе йолчу яьссачу ара а баьхкина, Кхадеш олучу меттехь севцира. Цу меттехь Марем кхелхира, цигахь иза дӀа а йоьллира.
-
-
-
|Números 20:2| Цигахь хи дацара, цундела нах, Мусана а, АхӀаронна а гонах гул а белла,
-
-
-
|Números 20:3| Мусана резабоцуш хамталлаш ян буьйлабелира: «Везачу Элана хьалха тхо а деллехьара, белла тхайн вежарий санна!
-
-
-
|Números 20:4| Везачу Элан халкъ кху яьссачу ара хӀунда далийна аша? Тхо а, тхан даьхни а дала деза кхузахь?
-
-
-
|Números 20:5| ХӀунда даьхна аша тхо Мисарара ара? Кху вочу метте стенна далийна аша тхо? Кхузахь ден ялта а дац, я инжир а, кемсаш а, нараш а яц, ур-атталла мала хи а дац!»
-
-
-
|Números 20:6| Халкъ долчуьра дӀа а вахана, Делан четарна хьалха бертал вуьйжира Муса а, АхӀарон а. Везачу Элан олаллин нур хӀоьттира царна хьалха.
-
-
-
|Números 20:7| Везачу Эло Мусага элира:
-
-
-
|Números 20:8| «Хьайн Ӏаса схьа а эций, ахьа а, АхӀарона а халкъ схьагулде. Аша нахана хьалха тӀулган тархе деха, тӀаккха цо шена чуьра хи лур ду. Иштта ахь, царна хи а даьккхина, иза нахана а, даьхнина а малор ду».
-
-
-
|Números 20:9| Веза Эла волчуьра, тӀорказна уллора, Ӏаса схьаийцира Мусас, Цо шена тӀе-ма-диллара.
-
-
-
|Números 20:10| Мусас а, АхӀарона а тархана хьалха халкъ гулдира. Мусас элира нахе: «ЛадогӀа, карзахдаьлла халкъ! ХӀокху тархах даккхий ас шуна хи?»
-
-
Portugués
Italiano
Español
Inglés
Francés
Arábica
Mandarín
Hindi
Alemán
Делан Йозанаш
