-
|Números 20:11| Шен куьг хьала а айина, тархах шозза Ӏаса туьйхира цо. Дуккха а хи доладелира цу тархах. Наха а, даьхнино а мелира иза.
-
-
-
|Números 20:12| Амма Везачу Эло Мусага а, АхӀароне а элира: «Исраилан халкъана хьалха Сан возаллех тоьшалла дан шу тешар ца тоарна, Ас лун долчу лаьтта тӀе аш халкъ дуьгур дац».
-
-
-
|Números 20:13| Оцу хи даьккхинчу меттигах Мериба олу (иза «къовсам» бохург ду). Кхузахь исраилхой Везачу Элаца къовсаме а бевлла, Цо Шен возалла гайтина царна.
-
-
-
|Números 20:14| Кхадешера Эдоман паччахьна тӀе дехар эцна шен нах бахийтира Мусас: «Хьан вежарша, исраилхоша, боху хьоьга: „Хьуна хаьа тхуна хилла бохамаш.
-
-
-
|Números 20:15| Тхан дай Мисар-махка дӀабаханера. Дуккха а хан яьккхира оха цигахь. Тхан дайшца а, тхоьца а къиза бара мисархой.
-
-
-
|Números 20:16| Везачу Эле тхо кхайкхича, Цунна хезира оха доьхург. Шен Малик а даийтина, Мисарара тхо арадехира Цо. ХӀинца хьан дозанна уллохь йолчу Кхадешехь ду тхо.
-
-
-
|Números 20:17| Пурба лохьа тхуна хьайн лаьтта тӀехула дехьадовла. Тхо хьан ялтийн а, кемсийн а аренаш тӀехула а девр дац, хьан гӀунаш чуьра хи а мер дац оха. Паччахьан новкъахула хьан махках чекхдовллалц, аьтту а, аьрру а агӀор а ца таьӀаш, дӀагӀур дара тхо“».
-
-
-
|Números 20:18| Амма Эдоман халкъо элира исраилхошка: «Тхан махкахула чекх ма довла. Шу чугӀортахь, оха тӀом бийр бу шуьца».
-
-
-
|Números 20:19| Исраилхоша элира цаьрга: «Тхо боккхачу новкъахула гӀур дара. Нагахь оха а, тхан даьхнино а шун хи мелча, цунах ахча а лур дара оха. ГӀаш дехьадевр дара тхо, тхан кхин гӀуллакх а дацара кхузахь».
-
-
-
|Números 20:20| Эдомхоша юха а элира: «Тхан махкахула чекх ма довла». Доккха эскар а гулдина, исраилхошна дуьхьалбевлира уьш.
-
-
Portugués
Italiano
Español
Inglés
Francés
Arábica
Mandarín
Hindi
Alemán
Делан Йозанаш
