-
|Números 5:1| Везачу Эло Мусага элира:
-
-
-
|Números 5:2| «Исраилхошна тӀедилла чкъураца дӀа ца йоьрзу цамгар ерш а, дегӀах тӀуналла схьаяьлларш а, веллачух хьакхабаларна Далла гергахь бехбелларш а берриге а шайна юкъара дӀалахкар.
-
-
-
|Números 5:3| Иштта цӀена боцурш — божарий я зударий уьш белахь а — меттаматтана юьстах арабаха, Со шуна юкъахь Ӏаш волу шайн меттамотт цаьрга бех ца байтархьама».
-
-
-
|Números 5:4| Исраилан халкъо иштта дан а дира. Цу тайпана долу адамаш шайн меттаматтана юьстах арадехира исраилхоша, Везачу Эло Мусана тӀедиллина ма-хиллара.
-
-
-
|Números 5:5| Везачу Эло Мусага элира:
-
-
-
|Números 5:6| «Иштта дӀаала исраилхошка: „Нагахь санна цхьана стага я зудчо, Везачу Элана хьалха тешаме а ца хуьлуш, адамаша латош долу къа латадахь, и стаг бехке хуьлу
-
-
-
|Números 5:7| Цундела оцу къинош летийначара шайгара даьлларг даре дан а деза, зулам хиллачунна богӀуш болу берриге а мах дӀабала а беза, цул сов пхоьалгӀа дакъа тӀе а тухуш.
-
-
-
|Números 5:8| Нагахь санна шена мах бала беза стаг веллехь, ткъа цуьнан цхьа а юххера гергара стаг а вацахь, и мах Везачу Элан долахь хуьлу. Иза динан дега дӀакховдо беза. Цул сов, зулам даьллачу стеган къинош дӀадаха лерина болу ка а бала беза цо.
-
-
-
|Números 5:9| Нагахь исраилхойх цхьаммо Далла дӀакъастийначух хӀума яхьахь, и сагӀа схьаоьцуш волчу динан ден бакъо ю иза шена йита. Иза цунна йогӀуш ю.
-
-
-
|Números 5:10| Иштта, Далла дӀакъастийнарг динан дена йогӀу. Цхьаммо совгӀатна хӀума яхьахь, иза а динан дена догӀу“».
-
-
Portugués
Italiano
Español
Inglés
Francés
Arábica
Mandarín
Hindi
Alemán
Делан Йозанаш
