-
|Números 14:1| Массара а гӀовгӀанаш ехира, буьйса дӀаяллалц доьлхуш Ӏийра халкъ.
-
-
-
|Números 14:2| Мусана а, АхӀаронна а реза бацара нах. Цара цу шинга бохура: «Мисар-махкахь я кху яьссачу арахь тхо деллехьара!
-
-
-
|Números 14:3| Везачу Эло тӀамехь дайа далийна тхо кху махка? Тхан зударий а, бераш а мостагӀашна кхочур ду. Мисара юхадахча гӀолехь дацара вайна?»
-
-
-
|Números 14:4| Уьш шайна юкъахь барт бан хӀиттира: «Ваьшна тӀехь хьаькам а хӀоттийна, Мисар-махка юхадоьрзур ду вай», — бохуш.
-
-
-
|Números 14:5| Дерриг а Исраилан халкъана хьалха бертал вуьйжира Муса а, АхӀарон а.
-
-
-
|Números 14:6| Лаьтте хьовса баханчу нахана юкъарчу Нунин кӀанта ЮшаӀа а, Епунин кӀанта Килаба а шайн бедарш этӀийра.
-
-
-
|Números 14:7| Цара элира цигахь гулбеллачу берриге а нахе: «Тхо хьовсуш чекхдевлла латта вуно чӀогӀа хаза ду.
-
-
-
|Números 14:8| Нагахь Веза Эла вайна реза велахь, Цо и латта вайна схьалур ду. Шуьрех а, мазах а дуьзна токхе латта ду иза.
-
-
-
|Números 14:9| Амма Везачу Элана дуьхьал ма довла. Цу махкахь Ӏачу халкъах а ма кхера, цунах вайна ижу хир ю. Уьш ларбан цхьа а вац, ткъа вайца Веза Эла ву. Ма кхера царах!»
-
-
-
|Números 14:10| ТӀаккха наха маьхьарий хьаькхира: «ТӀулгаш детта царна!» — аьлла. Амма Везачу Элан олаллин нур доьссира Делан четарна тӀе берриг а исраилхошна хьалха.
-
-
Portugués
Italiano
Español
Inglés
Francés
Arábica
Mandarín
Hindi
Alemán
Делан Йозанаш
