Números


  • |Números 20:21| Иштта, Эдоман халкъо шен махкахула дехьа а ца бовлийтина, кхечу новкъахула дӀабахара исраилхой.

  • |Números 20:22| Кхадешера дӀа а бахана, ХӀор цӀе йолчу лам тӀе баьхкира уьш.

  • |Números 20:23| ХӀор-лам болчохь, Эдоман дозанна уллохь, Везачу Эло Мусага а, АхӀароне а элира:

  • |Números 20:24| «Мерибера хишна уллохь шу Суна дуьхьалдовларна, АхӀарон, кхелхина, шен дайх дӀакхетар ву. Ас исраилхошна луш долчу лаьтта тӀе иза кхочур вац.

  • |Números 20:25| Муса, хьайн ваша АхӀарон а, цуьнан кӀант ЭлиӀазар а эций, ХӀор-лам тӀе хьалавала.

  • |Números 20:26| АхӀаронна тӀера бедарш схьа а яхий, уьш цуьнан кӀантана ЭлиӀазарна тӀеюха. Цигахь АхӀарон кхелхар ву».

  • |Números 20:27| Везачу Эло тӀе-ма-диллара, кхочушдира Мусас. Дерриг а халкъана хьалха ХӀор-лам тӀе бевлира уьш.

  • |Números 20:28| АхӀаронна тӀера бедарш, схьа а яьхна, ЭлиӀазарна тӀеюьйхира Мусас. Цигахь, лам тӀехь, АхӀарон кхелхира, ткъа Муса а, ЭлиӀазар а лам тӀера чувоьссира.

  • |Números 20:29| Массарна а хиира АхӀарон дӀакхелхинийла. Дерриг а Исраилан халкъо ткъе итт дийнахь белхар латтийра иза бахьана долуш.


COOKIES

Usamos cookies para brindarle una mejor experiencia, mejorar el rendimiento, analizar cómo interactúa en nuestro sitio web y personalizar el contenido. Al utilizar este sitio web, acepta el uso de cookies.

Datos Esenciales

Se necesitan datos esenciales para ejecutar el sitio web que está visitando. No puede deshabilitarlos.