-
|Números 24:11| Хьайн цӀа дӀагӀо! Со, хьоьга болчу ларамна, хьуна совгӀаташ дала воллура, амма Везачу Эло ваьккхи хьо цу совгӀатех».
-
-
-
|Números 24:12| БалиӀама Балакхе элира: «Аса ца аьллера ткъа ахьа суна тӀебахкийтинчу геланчашка:
-
-
-
|Números 24:13| Нагахь Балакха детих а, деших а дуьзна долу шен паччахьан цӀа суна луш хилча а, Везачу Эло бохучунна тӀера а ваьлла, Цо магийтина доцу жима я доккха цхьа а хӀума дан йиш яц сан. Везачу Эло сайга схьабоххург бен дӀаэр дац аса!»
-
-
-
|Números 24:14| «ХӀинца со сайн халкъана тӀе юхавоьрзу, амма хьуна дӀахаийта лаьа суна. Аса дуьйцур ду хьоьга Исраилан халкъо хьох а, хьан халкъах а ден долчух лаьцна».
-
-
-
|Números 24:15| БалиӀама хӀара дешнаш дӀаэлира:«БеӀаран кӀанта БалиӀама бина Делера хаам а, Сирла бӀаьргаш болуш волчун хаам а бу хӀара.
-
-
-
|Números 24:16|Делан дешнаш хезаш волчун хаам бу хӀара, Веза Воккха Дела шена вевзаш волчу. Нуьцкъалчу Дала сайна хьалха хӀоттийна сурт, лаьтта а воьжна, дӀабиллинчу бӀаьргашца го суна.
-
-
-
|Números 24:17|Суна иза го, амма иза хӀинцца дац. Со цуьнга хьоьжу, амма иза гергга вац. Цхьа Седа хьалабер бу Якъубан тӀаьхьенах. Паччахь вогӀур ву Исраилан халкъана юкъара. Цо муабахойн бӀаьштигаш а отур ю, ШатӀин ерриге тӀаьхье а хьоьшур ю.
-
-
-
|Números 24:18|Цо Эдом-мохк а дӀалоцур бу, шен мостагӀа долу СеӀиран халкъ а дӀалоцур ду. Ткъа Исраилан халкъан ницкъ совбер бу.
-
-
-
|Números 24:19|Якъубан тӀаьхьенах схьавер ву цхьа урхалхо, ткъа гӀалара шаьш кӀелхьарбевлларш хӀаллакбийр бу цо».
-
-
-
|Números 24:20| Цу хенахь БалиӀамна Ӏамалекхахой гира. Цо иштта дешнаш элира:«Массо а къаьмнашна юкъахь Ӏамалекхахойн къам хьалхарниг ду, амма эххар а иза дакъазадер ду!»
-
-
Portugués
Italiano
Español
Inglés
Francés
Arábica
Mandarín
Hindi
Alemán
Делан Йозанаш
