-
|Números 31:31| Везачу Эло Мусана тӀедиллина ма-хиллара, кхочушдира иза Мусас а, динан дас ЭлиӀазара а.
-
-
-
|Números 31:32| ТӀемалоша тӀамера еанчу хӀонсах йисинарг хӀара яра: жимачу даьхни юкъара ялх бӀе кхузткъе пхийтта эзар дийнат,
-
-
-
|Números 31:33| доккхачу даьхних кхузткъе шийтта эзар дийнат,
-
-
-
|Números 31:34| кхузткъе цхьа эзар вир,
-
-
-
|Números 31:35| цкъа а стагах кхетаза болчу зударех — ерриг а ткъе шийтта эзар йоӀстаг.
-
-
-
|Números 31:36| ТӀамехь хиллачеран ахдекъана юкъадогӀура жимачу даьхни юкъара кхо бӀе ткъе вуьрхӀитта эзар пхи бӀе дийнат
-
-
-
|Números 31:37| (царах Везачу Элана совгӀатна лерина ялх бӀе кхузткъе пхийтта дийнат дара),
-
-
-
|Números 31:38| доккхачу даьхних ткъе ялхитта эзар дийнат (царах Везачу Элана совгӀатна лерина кхузткъе шийтта дийнат дара),
-
-
-
|Números 31:39| ткъе итт эзар пхи бӀе вир (царах Везачу Элана совгӀатна лерина кхузткъе цхьа вир яра),
-
-
-
|Números 31:40| ялхитта эзар адам (царах Везачу Элана совгӀатна лерина ткъе шийтта адам дара).
-
-
Portugués
Italiano
Español
Inglés
Francés
Arábica
Mandarín
Hindi
Alemán
Делан Йозанаш
