-
|Números 4:41| Уьш бара ГӀиршанан тӀаьхьенах болу гуламан четарца доьзна гӀуллакх деш болу багарбина нах. Мусас а, АхӀарона а церан хьесап динера, Везачу Эло Мусагахула тӀедиллина ма-хиллара.
-
-
-
|Números 4:42| Мерарин тӀаьхьенах болу нах а багарбира, церан тукхамашца а, доьзалшца а.
-
-
-
|Números 4:43| Ткъе итт шарера шовзткъе итт шаре бевлла гуламан четарна гӀуллакх дан магийтина болу берриге а нах,
-
-
-
|Números 4:44| шайн тукхамашка хьаьжжина багарбича, кхо эзар ши бӀе стаг вара (3200).
-
-
-
|Números 4:45| Уьш бара Мерарин тӀаьхьенах болу багарбина нах. Мусас а, АхӀарона а церан хьесап динера, Везачу Эло Мусагахула тӀедиллина ма-хиллара.
-
-
-
|Números 4:46| Иштта Мусас а, АхӀарона а, Исраилан халкъан куьйгалхоша а вагарвинера Левин тӀаьхьенах волу хӀора стаг а, шайн тукхамашца а, доьзалшца а.
-
-
-
|Números 4:47| Ткъе итт шарера шовзткъе итт шаре бевлла гуламан четарца доьзна гӀуллакх дан а, четар дӀадахьа а магийтина болу берриге а нах
-
-
-
|Números 4:48| багарбича, бархӀ эзар пхи бӀе везткъа стаг вара (8580).
-
-
-
|Números 4:49| Везачу Эло Мусагахула тӀедиллина ма-хиллара, уьш хӀора а шайн билгалдаьккхинчу гӀуллакхе дӀа а хӀиттийнера, цара шаьш новкъа довлуш яхьа езарг билгал а яьккхинера. Везачу Эло Мусага динчу омрица, исраилхой багар а бина, церан хьесап динера.
-
-
Portugués
Italiano
Español
Inglés
Francés
Arábica
Mandarín
Hindi
Alemán
Делан Йозанаш
