-
|Números 4:31| Гуламан четарца боьзна болчу церан белхашка хьаьжжина, цара дӀаяхьа езаш йолу хӀуманаш хӀорш ю: четаран гураш а, цуьнан хьокхий а, бӀогӀамаш а, цуьнан баххаш а,
-
-
-
|Números 4:32| гонахарчу кертан бӀогӀамаш а, иштта церан баххаш а, чӀагӀдеш тухуш долу дечиган хьостамаш а, машшаш а, берриг цуьнан гӀирс а, оцу хӀуманашца боьзна болу белхаш бар а. Цара дӀаяхьа езачу хӀора хӀуманан, цуьнан цӀе а йоккхуш, хьесап де.
-
-
-
|Números 4:33| Цу тайпана белхаш бан беза Мерарин тӀаьхьенах болчу наха, шаьш Делан четарца доьзна долу гӀуллакх деш, шайна тӀехь куьйгалла деш динан ден АхӀаронан кӀант Итамар а волуш».
-
-
-
|Números 4:34| Мусас а, АхӀарона а, Исраилан халкъан куьйгалхоша а КхахӀатан тӀаьхьенах болу нах багарбира церан тукхамашца а, доьзалшца а.
-
-
-
|Números 4:35| Ткъе итт шарера шовзткъе итт шаре бевлла гуламан четарца доьзна гӀуллакх дан магийна болу берриге а нах,
-
-
-
|Números 4:36| шайн тукхамашка хьаьжжина багарбича, ши эзар ворхӀ бӀе шовзткъе итт стаг вара (2750).
-
-
-
|Números 4:37| Уьш бара КхахӀатан тӀаьхьенах болу гуламан четарна лерина гӀуллакх деш болу багарбина нах. Мусас а, АхӀарона а церан хьесап динера, Везачу Эло Мусагахула тӀедиллина ма-хиллара.
-
-
-
|Números 4:38| Иштта КхахӀатан тӀаьхьенах болу нах багарбира церан тукхамашца а, доьзалшца а.
-
-
-
|Números 4:39| Ткъе итт шарера шовзткъе итт шаре бевлла гуламан четарца доьзна гӀуллакх дан магийтина болу берриге а нах,
-
-
-
|Números 4:40| шайн тукхамашка хьаьжжина багарбича, ши эзар ялх бӀе ткъе итт стаг вара (2630).
-
-
Portugués
Italiano
Español
Inglés
Francés
Arábica
Mandarín
Hindi
Alemán
Делан Йозанаш
