-
|Números 2:11| Цуьнан эскарехь вагарвинарг шовзткъе ялх эзар пхи бӀе тӀемало ву (46500).
-
-
-
|Números 2:12| Раабанан тайпанна юххехь ШимӀин тайпано шен меттамотт дӀахӀоттор бу. Оцу тайпанна тӀехь куьйгалла дийр ду Цура-Шидин кӀанта Шелумиала.
-
-
-
|Números 2:13| Цуьнан эскарехь вагарвинарг шовзткъе ткъайоьсна эзар кхо бӀе тӀемало ву (59300).
-
-
-
|Números 2:14| Раабанан тайпанна юххехь Гадин тайпано а шен меттамотт дӀахӀоттор бу. Оцу тайпанна тӀехь куьйгалла дийр ду РаӀалан кӀанта Элъясайпа.
-
-
-
|Números 2:15| Цуьнан эскарехь вагарвинарг шовзткъе пхи эзар ялх бӀе шовзткъе итт тӀемало ву (45650).
-
-
-
|Números 2:16| Раабанан меттаматтахь вагарвинарг верриге а цхьа бӀе шовзткъе цхьайтта эзар виъ бӀе шовзткъе итт стаг ву, шайн тӀеман тобанашка хьаьжжина. Уьш, исраилхой дӀабоьлхуш, шолгӀачу меттехь хир бу.
-
-
-
|Números 2:17| Цул тӀаьхьа гуламан четар а, иза дӀахьош долу левихойн тайпа а дӀагӀур ду, дуьххьарлерчу шина меттаматтана а, тӀаьххьарчу шина меттаматтана а юккъехь. Шайн меттаметтанаш дӀанисдина кеп ма-хиллара, дӀагӀур бу уьш. ХӀора стаг шен-шен меттехь, шен байракх хьалаайинчохь, хир ву.
-
-
-
|Números 2:18| Малхбузехьа йолчу агӀор Эпрайман тайпанан меттаматтан байракх хьалаойур ю, ткъа оцу тайпанах болу нах, шайн тӀеман тобанашка хьаьжжина, цигахь дӀанислур бу. Оцу тайпанна тӀехь куьйгалла дийр ду ӀамихӀудан кӀанта Эли-ШамаӀа.
-
-
-
|Números 2:19| Цуьнан эскарехь вагарвинарг шовзткъа эзар пхи бӀе шовзткъе итт тӀемало ву (40500).
-
-
-
|Números 2:20| Эпрайман тайпанна юххехь Маннашан тайпано шен меттамотт дӀахӀоттор бу. Оцу тайпанна тӀехь куьйгалла дийр ду Падацуран кӀанта Гамлиала.
-
-
Portugués
Italiano
Español
Inglés
Francés
Arábica
Mandarín
Hindi
Alemán
Делан Йозанаш
