Números


  • |Números 2:21| Цуьнан эскарехь вагарвинарг ткъе шийтта эзар ши бӀе тӀемало ву (32200).

  • |Números 2:22| Эпрайман тайпанна юххехь Бен-Яманан тайпано а шен меттамотт дӀахӀоттор бу. Оцу тайпанна тӀехь куьйгалла дийр ду ГидӀонин кӀанта Авданис.

  • |Números 2:23| Цуьнан эскарехь вагарвинарг ткъе пхийтта эзар виъ бӀе тӀемало ву (35400).

  • |Números 2:24| Эпрайман меттаматтахь вагарвинарг верриге а цхьа бӀе бархӀ эзар цхьа бӀе тӀемало ву, шайн тӀеман тобанашка хьаьжжина. Уьш дӀабоьлхуш кхоалгӀачу меттехь хир бу.

  • |Números 2:25| Къилбаседехьа йолчу агӀор Данан тайпанан меттаматтан байракх хьалаойур ю, ткъа оцу тайпанах болу нах, шайн тӀеман тобанашка хьаьжжина, цигахь дӀанислур бу. Оцу тайпанна тӀехь куьйгалла дийр ду Ӏами-Шидин кӀанта АхьиӀазара.

  • |Números 2:26| Цуьнан эскарехь вагарвинарг кхузткъе ши эзар ворхӀ бӀе тӀемало ву (62700).

  • |Números 2:27| Данан тайпанна юххехь Ашаран тайпано шен меттамотт дӀахӀоттор бу. Оцу тайпанна тӀехь куьйгалла дийр ду Ӏухранан кӀанта ПагӀиала.

  • |Números 2:28| Цуьнан эскарехь варгарвинарг шовзткъе цхьа эзар пхи бӀе тӀемало ву (41500).

  • |Números 2:29| Данан тайпанна юххехь Напталан тайпано а шен меттамотт дӀахӀоттор бу. Оцу тайпанна тӀехь куьйгалла дийр ду Ӏайнанан кӀанта АхьираӀа.

  • |Números 2:30| Цуьнан эскарехь вагарвинарг шовзткъе кхойтта эзар виъ бӀе тӀемало ву (53400).


COOKIES

Usamos cookies para brindarle una mejor experiencia, mejorar el rendimiento, analizar cómo interactúa en nuestro sitio web y personalizar el contenido. Al utilizar este sitio web, acepta el uso de cookies.

Datos Esenciales

Se necesitan datos esenciales para ejecutar el sitio web que está visitando. No puede deshabilitarlos.