Números


  • |Números 33:11| Эрзийн-хӀордана уллора дӀа а бахана, Син цӀе йолчу яьссачу аренгахь меттамотт дӀахӀоттийра цара.

  • |Números 33:12| Син-яьссачу арара дӀа а бевлла, Дупикха цӀе йолчу меттехь дӀахӀоттийра цара шайн меттамотт.

  • |Números 33:13| Дупикхара дӀа а бахана, Алуш цӀе йолчу меттехь меттамотт дӀахӀоттийра цара.

  • |Números 33:14| Алушера дӀа а бахана, Рапидам цӀе йолчу меттехь меттамотт дӀахӀоттийра цара. Цигахь мала хи дацара халкъана.

  • |Números 33:15| Рапидамера дӀа а бахана, Синай-яьссачу арахь дӀахӀоттийра цара шайн меттамотт.

  • |Números 33:16| Синай-яьссачу арара дӀа а бевлла, Кхиброт-ХӀатаъву цӀе йолчу меттехь дӀахӀоттийра цара меттамотт.

  • |Números 33:17| Кхиброт-ХӀатаъвуэра дӀа а бахана, Хьацерут цӀе йолчу меттехь дӀахӀоттийра цара меттамотт.

  • |Números 33:18| Хьацерутера дӀа а бахана, Ритма цӀе йолчу меттехь дӀахӀоттийра цара шайн меттамотт.

  • |Números 33:19| Ритмера дӀа а бахана, Римун-Парац цӀе йолчу меттехь шайн меттамотт дӀахӀоттийра цара.

  • |Números 33:20| Римун-Парацера дӀа а бахана, Либнехь шайн меттамотт дӀахӀоттийра цара.


COOKIES

Usamos cookies para brindarle una mejor experiencia, mejorar el rendimiento, analizar cómo interactúa en nuestro sitio web y personalizar el contenido. Al utilizar este sitio web, acepta el uso de cookies.

Datos Esenciales

Se necesitan datos esenciales para ejecutar el sitio web que está visitando. No puede deshabilitarlos.