-
|Números 33:31| Мосиратера дӀа а бахана, Баней-ЯӀакханехь меттамотт дӀахӀоттийра цара.
-
-
-
|Números 33:32| Баней-ЯӀакханера дӀа а бахана, Хьор-Хьагид-Гад цӀе йолчу меттехь шайн меттамотт дӀахӀоттийра цара.
-
-
-
|Números 33:33| Хьор-Хьагид-Гадера дӀа а бахана, Ютбатехь шайн меттамотт дӀахӀоттийра цара.
-
-
-
|Números 33:34| Ютбатера дӀа а бахана, Ӏабрунехь шайн меттамотт дӀахӀоттийра цара.
-
-
-
|Números 33:35| Ӏабрунера дӀа а бахана, Ӏецйон-ГӀебар цӀе йолчу меттехь шайн меттамотт дӀахӀоттийра цара.
-
-
-
|Números 33:36| Ӏецйон-ГӀебарера дӀа а бахана, шайн меттамотт Цин олучу яьссачу арахь, Кхадеш цӀе йолчу меттехь, дӀахӀоттийра цара.
-
-
-
|Números 33:37| Кхадеш-меттера дӀа а бахана, Эдом-мехкан дозанехь болчу ХӀор-лома тӀехь шайн меттамотт дӀахӀоттийра цара.
-
-
-
|Números 33:38| Везачу Эло шена тӀедиллина ма-хиллара, динан да АхӀарон ХӀор-лома тӀевелира. Исраилан халкъ Мисар-махкара арадаьлла шовзткъа шо долуш, АхӀарон цигахь дӀакхелхира. Иза дара пхоьалгӀачу беттан хьалхарчу дийнахь.
-
-
-
|Números 33:39| АхӀаронан цхьа бӀе ткъе кхо шо дара, иза ХӀор-лома тӀехь дӀакхелхинчу хенахь.
-
-
-
|Números 33:40| КанаӀан-махкахь къилбехьа вехаш волчу канаӀанхойн паччахьна Ӏародана дӀахезира, Исраилан халкъ схьадогӀуш ду аьлла.
-
-
Portugués
Italiano
Español
Inglés
Francés
Arábica
Mandarín
Hindi
Alemán
Делан Йозанаш
