-
|1 Samuel 23:1| Дауде хаам бира: «ПӀелаштамхой, КъаӀила-гӀалина тӀе а летта, хьаьттаршкара ялта лечкъош бу», — аьлла.
-
-
-
|1 Samuel 23:2| Дауда Везачу Эле хаттар дира: «Со цига ваха везий те? Эшалур буй те соьга и пӀелаштамхой?» — аьлла. Везачу Эло цуьнга жоп делира: «ГӀо, пӀелаштамхой хьоьга эшалур бу, КъаӀила-гӀала ахьа кӀелхьар а йоккхур ю».
-
-
-
|1 Samuel 23:3| Амма Даудаца болчара элира: «Кхузахь, ЯхӀуд-махкахь а, кхоьруш ду вай. КъаӀила-гӀала а дахана, вай пӀелаштамхойн эскарна дуьхьалхӀиттича, кхин а кхераме хир ма ду!»
-
-
-
|1 Samuel 23:4| ТӀаккха Дауд юха а Везачу Элах дагавелира. Цо Дауде элира: «Хьала а гӀаттий, КъаӀила-гӀала дӀагӀо. Аса пӀелаштамхой хьан кара дӀалур бу».
-
-
-
|1 Samuel 23:5| Шеца болчаьрца цхьаьна Дауд КъаӀила-гӀала вахара, цо пӀелаштамхошца тӀом а болийра, церан даьхни лаьхкина дӀа а дигира, уьш эша а бира. Иштта Дауда КъаӀила-гӀалара болу бахархой пӀелаштамхойн баланах кӀелхьарбехира.
-
-
-
|1 Samuel 23:6| Ахьи-Маликан кӀант Абу-ЯтӀари, ведда, Дауд волчу схьавогӀучу хенахь, цо шеца еза ийпад а схьаеанера.
-
-
-
|1 Samuel 23:7| Дауд КъаӀила-гӀалахь ву аьлла, Шауле хаам бича, цо элира: «Дала сан кара схьавелла иза. Цо ша-шена бохам баьккхина, гӀорашца къовлуш долчу кевнашца чӀагӀйина йолчу гӀали чу а вахана».
-
-
-
|1 Samuel 23:8| Шен берриг а эскархой тӀаме кхайкхира Шаула, КъаӀила-гӀалина го а бина, Дауд а, цуьнца берш а дӀалаца дагахь.
-
-
-
|1 Samuel 23:9| Шена дуьхьал Шаул зуламе долу хӀума лело воллий хиъча, Дауда динан да волчу Абу-ЯтӀарига элира: «Схьая и ийпад».
-
-
-
|1 Samuel 23:10| Цул тӀаьхьа Дауда элира: «Исраилан халкъан Веза Дела! Хьан лена хезна, Шаул, КъаӀила-гӀала а веана, со бахьана долуш и гӀала хӀаллакьян гӀерта аьлла.
-
-
Portugués
Italiano
Español
Inglés
Francés
Arábica
Mandarín
Hindi
Alemán
Делан Йозанаш
