-
|1 Samuel 27:1| Дауда, ойла а йина, шен дагахь элира: «Мацца а со Шаулан каравахале, суна уггар а тоьлушха дерг пӀелаштамхойн лаьтта тӀе ведда дӀавахар ду. ТӀаккха Шаул со лоьхуш Исраилан махкахула суна тӀаьхьаваьлла лелачуьра соцур ву, ткъа со цуьнан куьйга кӀелхьара дӀавер ву».
-
-
-
|1 Samuel 27:2| Хьала а гӀаьттина, Дауд, шеца волу ялх бӀе стаг а эцна, Гати-гӀалахь паччахь волу МаӀухин кӀант Ахаш волчу вахара.
-
-
-
|1 Samuel 27:3| Иза шеца болчаьрца Ахаш волчу Гати-гӀалахь ваха хиира, хӀора стаг а шен-шен доьзалца. Даудаца цхьаьна цуьнан ши зуда а яра — израӀалхо йолу АхьнуӀмат а, хьалха Набалехь хилла йолу кармалхо АбигӀал а.
-
-
-
|1 Samuel 27:4| Шауле, Дауд Гати-гӀала ведда дӀавахана аьлла, хабар дӀакхечира, тӀаккха иза Дауд лоьхучуьра сецира.
-
-
-
|1 Samuel 27:5| Дауда Ахаше элира: «Хьо суна реза велахь, суна ахьа цхьана жимачу гӀалахь меттиг билгалъяьккхича, со цигахь Ӏийр вара. Хьан лай хӀунда Ӏан веза хьоьца нийсса паччахь Ӏачу гӀалахь?»
-
-
-
|1 Samuel 27:6| Ахаша цунна ЦакхелагӀ олуш йолу гӀала елира. Цундела ЦакхелагӀ таханлера де тӀекхаччалц а яхӀудхойн паччахьийн карахь йисина.
-
-
-
|1 Samuel 27:7| Цхьа шой, биъ буттий баьккхира Дауда пӀелаштамхойн махкахь.
-
-
-
|1 Samuel 27:8| Дауд, шеца болчаьрца ара а волий, гешурхошний, гирзахошний, Ӏамалекхахошний тӀелеташ хилла. (И халкъаш дукха заманара дуьйна Шур-гӀалина а, ур-атталла Мисар-махкана а тӀекхаччалц дехаш хилла.)
-
-
-
|1 Samuel 27:9| Церан бахам (уьстагӀий а, стерчий а, варраш а, эмкалш а, тӀеюху бедарш а) схьа а боккхий, Дауда я стаг а, я зуда а дийна дуьтуш ца хилла. ТӀаккха иза Ахаш волчу схьавогӀуш хилла.
-
-
-
|1 Samuel 27:10| Ахаша хоттура Дауде: «ХӀинца хьанна тӀелеттера шу?» Дауда жоп лора: «НегӀаб арахь болчу ЯхӀуд-махкана», я цо жоп лора: «Яьссачу арахь болчу ярахьмиалхошна», я: «Яьссачу арахь Ӏаш болчу кхенахошна».
-
-
Portugués
Italiano
Español
Inglés
Francés
Arábica
Mandarín
Hindi
Alemán
Делан Йозанаш
