-
|1 Samuel 18:1| Дауд Шаулаца къамел дина ваьлча, цуьнан а, ЯхӀунатин а юкъаметтиг кхин а чӀагӀъелира, цунна иза, ша-шена санна, дукхавезавелира.
-
-
-
|1 Samuel 18:2| Шаула Дауд шеца витира, иза шен да волчу дӀа а ца вохуьйтуш.
-
-
-
|1 Samuel 18:3| ЯхӀунатина, ша санна, Дауд везавалар бахьана долуш, Даудаца даггара доттагӀалла лело барт бира цо.
-
-
-
|1 Samuel 18:4| Шаьшшинна юкъахь хиллачу бертан тоьшалла деш, ЯхӀунатас шена тӀехула йоьхна йолу бедарш схьа а яьхна, Дауде дӀаелира. Иштта тӀеман бедарш а, тур а, секхаӀад а, доьхка а дӀаделира цо.
-
-
-
|1 Samuel 18:5| Шаула ша мичча вахийтича а, Даудан аьтто хуьлура. Цундела Шаула цунах тӀеман хьаькам вира. Иза хазахетарца тӀеийцира дерриг а халкъо а, паччахьан гонах болчара а.
-
-
-
|1 Samuel 18:6| Дауда пӀелаштамхо эша а вина, эскархой цӀа богӀучу хенахь массо а Исраилан махкарчу гӀаланашкара зударий шайн паччахь волчу Шаулна дуьхьал хелхаршций, эшаршций арабевлира. Церан карахь жиргӀанаш а, дечиг-пондарш а дара.
-
-
-
|1 Samuel 18:7| Халхарш а деш, цара бохура: «Шаула эзарнаш байина, ткъа Дауда — итт эзарнаш».
-
-
-
|1 Samuel 18:8| Шаулна и дешнаш чӀогӀа ца дезаделира. Цо элира: «Цара Даудана итт эзарнаш дӀабелла, ткъа суна — эзарнаш бен. Цунна хӀинца, паччахьалла тӀехилчхьана, кхин хӀумма а ца оьшу».
-
-
-
|1 Samuel 18:9| Цу дийнахь дуьйна Шаул Дауде хьогӀаца хьоьжура.
-
-
-
|1 Samuel 18:10| ШолгӀачу дийнахь Делера долу жин цӀеххьана Шаулна тӀе доьссира. Иза шен цӀахь хьераваьлча санна лелара, ткъа Дауд, кхечу деношкахь санна, дечиг-пондарх пӀелг а туьйсуш, Ӏаш вара. Шаулан карахь гоьмукъ бара.
-
-
Portugués
Italiano
Español
Inglés
Francés
Arábica
Mandarín
Hindi
Alemán
Делан Йозанаш
