-
|1 Samuel 16:1| Везачу Эло Шамъале элира: «Мел хир ву хьо гӀайгӀане Аса Исраилан махкахь паччахь ца хилийта Сайна уллора дӀатеттина волу Шаул бахьана долуш? Хьайн маӀа зайтдаьттанах хьала а юзий, Байтлахам-гӀала гӀо. Аса цигахь вехаш волу Юшай волчу вохуьйту хьо. Цуьнан кӀенташна юкъара Аса Сайна паччахь хаьржина».
-
-
-
|1 Samuel 16:2| Амма Шамъала элира: «Со муха гӀур ву цига? Шаулна иза дӀахаахь, цо со вуьйр ву». Везачу Эло жоп делира: «Хьайца, цига воьдуш, шинар дига. Хьо Везачу Элана лерина долу сагӀа даккха веана эр ду ахьа.
-
-
-
|1 Samuel 16:3| Айхьа сагӀа доккхучу хенахь Юшайга схьакхайкха. Цул тӀаьхьа Аса дуьйцур ду хьуна, хӀун дан деза. Аса хьайга аьлларг даьтта доттарца къобалвийр ву ахьа Суна».
-
-
-
|1 Samuel 16:4| Шега Везачу Эло ма-аллара, Байтлахам-гӀала ваха новкъа велира Шамъал. Иза цига дӀакхаьчча, цу гӀалара къаной боьхна дуьхьалбевлира цунна. Цара хаьттира: «Маршо яхьаш вогӀий хьо?»
-
-
-
|1 Samuel 16:5| Цо жоп делира: «ВогӀу. Со Везачу Элан дуьхьа сагӀа даккха вогӀуш ву. Делан дуьхьа дӀа а къастий, соьца сагӀа доккхучу дуьйла». Шамъала Юшай а, цуьнан кӀентий а Далла хьалха дӀахӀоттабан кечбира. Уьш а кхайкхира цо сагӀа доккхучу.
-
-
-
|1 Samuel 16:6| Уьш сагӀа доккхучу схьабаьхкича, Шамъална цигахь Элиаб гира. Цо ша-шега элира: «Везачу Элана хьалха дӀахӀоьттина лаьтташ волу хӀара хила мега Цо къобалвинарг!»
-
-
-
|1 Samuel 16:7| Амма Везачу Эло Шамъале элира: «Хьо цуьнан куьце а, цуьнан лекха хиларе а ма хьежа. Иза вац Аса хаьржинарг. Со адам санна ца хьожу стаге, хӀунда аьлча адамаш стеган юьхье хьожу, ткъа Веза Эла цуьнан даге хьожу».
-
-
-
|1 Samuel 16:8| Юшайс, Абинадаб схьа а кхайкхина, иза Шамъална тӀевалийра. Шамъала элира: «ХӀара а вац Везачу Эло хаьржинарг».
-
-
-
|1 Samuel 16:9| ТӀаккха Юшайс Шама тӀевалийра. Юха а Шамъала элира: «ХӀара а вац Везачу Эло хаьржинарг».
-
-
-
|1 Samuel 16:10| Иштта шен ворхӀе а кӀант Шамъална тӀевалийра Юшайс, амма Шамъала элира: «Кхарах цхьа а ца хаьржина Везачу Эло».
-
-
Portugués
Italiano
Español
Inglés
Francés
Arábica
Mandarín
Hindi
Alemán
Делан Йозанаш
