1 Samuel


  • |1 Samuel 16:11| ТӀаккха Шамъала Юшайга хаьттира: «Массо а кӀентий кхузахь буй хьан?» Юшайс жоп делира: «Уггар жима кхин цхьаъ ву. Иза хӀинца жа дажош ву». Шамъала Юшайга элира: «Цхьаъ вахийтий, иза схьавалавайта. Иза схьаваллалц, вай хӀума яа охьаховшур дац».

  • |1 Samuel 16:12| Юшайс кӀант схьавалавайта бахийтира. Иза хьаьрса а волуш, хаза ши бӀаьрг а болуш, юьхь тӀера чӀогӀа товш кӀант вара. Везачу Эло элира: «Хьала а гӀаттий, иза къобалве. Аса вуьйцург ву хьуна иза».

  • |1 Samuel 16:13| Шамъала, зайтдаьтта чохь йолу маӀа схьа а эцна, вежаршна хьалха Даудан коьрта тӀе даьтта доьттира. Цу дийнахь дуьйна Везачу Элан Са Даудана тӀе охьадоьссина дара. Ткъа Шамъал, хьала а гӀаьттина, Раме дӀавахара.

  • |1 Samuel 16:14| Везачу Элан Са Шаулах дӀакъаьстира. Цунна тӀе Везачу Эло дахийтинчу жино иза хьийзавора.

  • |1 Samuel 16:15| Шауле цуьнан ялхоша элира: «Делера долчу жино хьийзош ву хьо.

  • |1 Samuel 16:16| Хьайна хьалха болчу ялхошка дечиган пондар лакха хууш волу стаг лахийта. Делера долу жин хьо волчу деача, цу стага пондар а локхуш, хьан дагна хьаам бийр бу».

  • |1 Samuel 16:17| Шаула шен ялхошка элира: «Дечиган пондар дика лакха хууш волу стаг, схьа а лахий, со волчу схьавалаве».

  • |1 Samuel 16:18| Ялхошна юкъахь волчу цхьаммо элира: «Байтлахам-гӀалара волчу Юшайн кӀант гина суна. Цунна дечиган пондар лакха а хаьа, иза ша майра а, вистхилар хьекъале долуш а, чӀогӀа товш стаг а ву. Цуьнца Веза Эла а ву».

  • |1 Samuel 16:19| ТӀаккха Шаула Юшай волчу хабар эцна геланча вахийтира: «Хьайн бажа бажош волу кӀант Дауд со волчу ваийта», — аьлла.

  • |1 Samuel 16:20| Юшайс, шен вир схьа а эцна, цунна тӀе бепиг а, чагӀар чохь долу пӀаьлдиг а биллина, жима буьхьиг схьа а эцна, уьш а, шен кӀант Дауд а Шаул волчу дӀахьажийра.


COOKIES

Usamos cookies para brindarle una mejor experiencia, mejorar el rendimiento, analizar cómo interactúa en nuestro sitio web y personalizar el contenido. Al utilizar este sitio web, acepta el uso de cookies.

Datos Esenciales

Se necesitan datos esenciales para ejecutar el sitio web que está visitando. No puede deshabilitarlos.