1 Samuel


  • |1 Samuel 6:1| ВорхӀ баттахь латтийна пӀелаштамхоша Везачу Элан тӀорказ шаьш долчохь.

  • |1 Samuel 6:2| Динан дай а, эвлаяаш а схьа а гулбина, цара элира: «ХӀун до вай Везачу Элан дезачу тӀорказна? ХӀара шен махка дӀа муха дахьийта деза дийцийша тхуна!»

  • |1 Samuel 6:3| Вукхара элира: «Шаьш Исраилан халкъан Делан тӀорказ дӀадахьийта гӀерташ делахь, иза ша ма-дарра дӀа ма дахьийта: аша сагӀа даккха деза шайн бехк такхархьама. ТӀаккха хуур ду шуна, Цо шайна таӀзар хӀунда дина».

  • |1 Samuel 6:4| Цара хаьттира: «Оха тхайн бехк токхуш сагӀа даккхар муха хила деза?» Вукхара жоп делира: «Кхузахь волчу пхеа пӀелаштамхойн пхеа куьйгалхочун цӀарах пхиъ, дегӀа тӀехь яьлларг санна, дашо хӀума а, пхи дашо дахка а бан беза, хӀунда аьлча шуна дина долу таӀзар шуна а, шун куьйгалхошна а кхочу.

  • |1 Samuel 6:5| ДегӀана тӀе яьлла йолу пхи дашо хӀумий, шайн латта дассош болу пхи дашо дахкий шаьш бина девлча, Исраилан Далла хастам бе. Цо Шен деза куьг шуна тӀера а, шун делашна тӀера а, шун лаьтта тӀера а дӀадаккха мега шуна.

  • |1 Samuel 6:6| Шайн дог хӀунда чӀагӀдо аша, мисархоший, пирӀуной санна. Дала шайна таӀзар диначул тӀаьхьа бен ца делла цара исраилхошна Мисар-махкара дӀадаха пурба.

  • |1 Samuel 6:7| Керла ворда а яй, хӀинцца бехкина болу, цкъа а дӀабоьжна боцу ши етт цу ворданах дӀабожа, ткъа церан эсий цӀа дига.

  • |1 Samuel 6:8| Везачу Элан тӀорказ цу ворданна тӀе хӀоттаде, ткъа Далла хьалха шайн бехк такхархьама сагӀина кечйина йолу дашо хӀуманаш цхьана гӀутакх чу агӀонгахь охьа а яхкий, ворда дӀа а хеций, дӀаяхийта.

  • |1 Samuel 6:9| Хьожуш хилалаш, нагахь санна и ворда, кхин цхьанхьа дӀа-схьа ца хьаьвзаш, Исраил-махкахь йолчу Байт-Шамаше дӀайодахь, и боккха бохам вайна Везачу Эло хилийтина бу. Амма и ши етт цига ца бодахь, вайна хуур ду, Цуьнан куьйгахула вайна и таӀзар ца хиллийла а, иза ларамаза хилла хилар а».

  • |1 Samuel 6:10| Цара иштта дира: хӀинцца бехкина болу ши етт ворданах дӀа а боьжна, церан эсий цӀахь дитира.


COOKIES

Usamos cookies para brindarle una mejor experiencia, mejorar el rendimiento, analizar cómo interactúa en nuestro sitio web y personalizar el contenido. Al utilizar este sitio web, acepta el uso de cookies.

Datos Esenciales

Se necesitan datos esenciales para ejecutar el sitio web que está visitando. No puede deshabilitarlos.