-
|1 Samuel 24:1| Цигара ша дӀавахча, Дауд, Ӏейн-ГӀади йолчу а вахана, цигахь йолчу чӀагӀйинчу меттигашкахь зама йоккхуш вара.
-
-
-
|1 Samuel 24:2| Шаул пӀелаштамхой болчуьра юхавирзича, цуьнга хаам бира: «Дауд Ӏейн-ГӀади олучу яьссачу аренгахь ву», — аьлла.
-
-
-
|1 Samuel 24:3| Иза, массо а ЯхӀуд-махкара схьагулвина волу кхо эзар тоьлла боьрша стаг шеца а волуш, ДаудгӀар лаха вахара. Иза «масарийн тархаш» цӀе йолчу меттигна уллохь дара.
-
-
-
|1 Samuel 24:4| Уьш некъан йистехь лаьтташ йолчу уьстагӀий чулохкучу керта кхечира. Цигахь гена йоццуш хьех яра. Шаул шен гӀуллакх дан цу хьеха чу вахара. Ткъа Дауд а, цуьнца берш а геннахь цу хьеха чохь Ӏаш бара.
-
-
-
|1 Samuel 24:5| Даудаца болчара цуьнга элира: «ХӀара ду хьуна Везачу Эло хьоьга дийцина долу де: „Аса хьан мостагӀа хьан кара дӀалур ву. Хьайна луъург де цунах“». Дауда, хьала а гӀаьттина, Шаулан тӀехула юхучу бедарх кийсак схьахадийра.
-
-
-
|1 Samuel 24:6| Ша и хӀума дар бахьана долуш дага чу лазам боьссира Даудана.
-
-
-
|1 Samuel 24:7| Цо шеца болчаьрга элира: «Везачу Эло доьхкийла суна Ша къобалвина волчу сан олахочунна тӀе куьг дахьар, хӀунда аьлча иза Везачу Эло къобалвинарг ву».
-
-
-
|1 Samuel 24:8| Цу дешнашца цо шеца берш сацийра, Шаулна тӀе куьг ца кховдадойтуш. Ткъа Шаул, хьала а гӀаьттина, хьеха чуьра ара а ваьлла, некъа тӀе велира.
-
-
-
|1 Samuel 24:9| Дауд а хьалагӀаьттира. Хьеха чуьра ара а ваьлла, цо Шаулна тӀаьхьа мохь туьйхира: «Сан паччахь волу олахо!» — аьлла. Шаул юхахьаьжча, Дауд, цунна лаьтта кхаччалц охьа а таьӀна, гора хӀоьттира.
-
-
-
|1 Samuel 24:10| Дауда Шауле элира: «„Дауд хьуна зулам дан гӀерташ ву“ — бохуш, хьайга мотт беттачу нахе ла хӀунда дугӀу ахьа?
-
-
Portugués
Italiano
Español
Inglés
Francés
Arábica
Mandarín
Hindi
Alemán
Делан Йозанаш
