1 Samuel


  • |1 Samuel 4:1| ТӀаккха Шамъал массо а исраилхошка наггахь вистхуьлура. Цу заманчохь исраилхой пӀелаштамхошна дуьхьал тӀом бан арабевлла хилла. Исраилхойн меттамотт Абани-Ӏазарна генахь боццуш лаьтташ хилла, ткъа пӀелаштамхой Апакх олучу гӀалина уллохь севцина.

  • |1 Samuel 4:2| Исраилхошна дуьхьал лата дӀахӀиттинера пӀелаштамхой. Уьш вовшахлетира. ПӀелаштамхоша исраилхой эшийра. Цигахь виъ эзар стаг вуьйжира исраилхошна юкъара.

  • |1 Samuel 4:3| Адам шайн меттаматте юхадеара. Исраилхойн къаноша элира: «Везачу Эло хӀунда белла техьа пӀелаштамхошка вай эшадан ницкъ? Вай Шилунера Везачу Элаца бинчу бертан тӀорказ схьаэца деза. Иза вайца хир ду, цо вай мостагӀийн куьйгех кӀелхьара а дохур ду».

  • |1 Samuel 4:4| Нах Шилуне а бахийтина, цигара массо а ницкъашна тӀехь волчу Везачу Элаца бина барт дагабоуьйтуш долу тӀорказ схьадаийтира. ТӀорказан негӀар тӀехь Ӏаш дашо деза ши малик дара. Царна тӀехула яра Везачу Элан меттиг. Цу тӀорказна уллохь Ӏелин ши кӀант вара, Хьапний, Пайнехьассий.

  • |1 Samuel 4:5| Везачу Элаца бинчу бертан тӀорказ шаьш долчу схьакхаьчча, исраилхоша йоккха гӀовгӀа яьккхира, дерриг латта а дегош.

  • |1 Samuel 4:6| И баккхийберан мохь шайна хезча, пӀелаштамхоша элира: «Ӏебархойн агӀонехь ма чӀогӀа маьхьарий хьоькху. И хӀун ду техьа?» Царна хиира Везачу Элан тӀорказ исраилхойн меттаматте схьакхаьчнийла.

  • |1 Samuel 4:7| ПӀелаштамхой кхерабелира. Цара элира: «Церан Дела веана уьш болчу. Вайгахь боккха бала бу! Иштта долу хӀума хьалха цкъа а ца хилла!

  • |1 Samuel 4:8| Бала бу вайгахь! Хьан дохур ду вай цу ницкъ болчу деланийн карара? Цу деланаша, таӀзарш деш, мисархой хӀаллакбина яьссачу аренгахь.

  • |1 Samuel 4:9| ЧӀагӀ а лой, майра хила, пӀелаштамхой! Вайна карабаьхкина болу Ӏебархой санна, церан кара а дахана, церан леш хилла ца латтархьама. Доьналла долуш хила, цаьрца лата кийча хила!»

  • |1 Samuel 4:10| Уьш чӀогӀа летира, исраилхой эша а беш. ХӀора дийна висина волу исраилхо, ведда, шен цӀа вахара. Исраилхой чӀогӀа эшийра цу тӀамехь, ткъе итт эзар гӀашло вен а вуьш.


COOKIES

Usamos cookies para brindarle una mejor experiencia, mejorar el rendimiento, analizar cómo interactúa en nuestro sitio web y personalizar el contenido. Al utilizar este sitio web, acepta el uso de cookies.

Datos Esenciales

Se necesitan datos esenciales para ejecutar el sitio web que está visitando. No puede deshabilitarlos.