-
|1 Samuel 15:1| Шамъала Шауле элира: «Везачу Эло со ваийтина Исраилан халкъана тӀехь хьан паччахьалла къобалдан. ХӀинца Везачу Эло бохучуьнга ладогӀа.
-
-
-
|1 Samuel 15:2| Массо а ницкъийн Везачу Эло боху: „Дагадаийтира Аса Сайна Ӏамалекха Исраилан халкъана динарг: Мисар-махкара халкъ цӀа доьрзучу хенахь иза цунна дуьхьал валар.
-
-
-
|1 Samuel 15:3| ХӀинца, ваха а гӀой, Ӏамалекхана тӀелата, цуьнан мел долу хӀума, къинхетам ца беш, хӀаллакде. Массо а ве: зударий, божарий, бераш, декхаш долу бераш. Дерриг: етт, сту, уьстагӀ, эмкал, вир — ша мел долу хӀума, дей, дӀадаккха“».
-
-
-
|1 Samuel 15:4| Телаим олучу меттехь Шаула вовшахтуьйхира шен эскар. Царна юккъехь ши бӀе эзар гӀашло вара, цул сов, итт эзар стаг ЯхӀудан тайпанах а вара.
-
-
-
|1 Samuel 15:5| Шаул Ӏамалекхахойн гӀалина тӀекхаьчнера. ТогӀи чохь царна кӀело ян охьахиира иза.
-
-
-
|1 Samuel 15:6| Шаула кхенахошна тӀе хабар дахьийтира: «Ӏамалекхахойх дӀакхеттачуьра дӀакъаста, шаьш соьга дайа ца дайийта. Аша Мисар-махкара схьадогӀучу хенахь Исраилан халкъана гӀо дина». Кхенахой Ӏамалекхахошна юкъара дӀакъаьстира.
-
-
-
|1 Samuel 15:7| Шаула Хьавилара дуьйна Мисар-махкана малхбалехьа Ӏуьллучу Шур-гӀалин йистошка кхаччалц эшийра Ӏамалекхахой.
-
-
-
|1 Samuel 15:8| Церан паччахь АгӀаг Шаула дийна волуш схьалецира, ткъа цуьнан дерриге а халкъ хӀаллакдира.
-
-
-
|1 Samuel 15:9| Амма Шаула а, цуьнан эскаро а АгӀагах къинхетам бира, дико долу уьстагӀий а, стерчий а, дерстана долу эсий а, Ӏахарий а дитира, иштта дика мел долу хӀума а, доха ца деш Ӏаддитира, ткъа оьшуш мел доцу хӀума дохийна дӀадаьккхира.
-
-
-
|1 Samuel 15:10| ТӀаккха Шамъале долу Делан дош иштта дара:
-
-
Portugués
Italiano
Español
Inglés
Francés
Arábica
Mandarín
Hindi
Alemán
Делан Йозанаш
