-
|1 Samuel 20:1| Рамерчу Наютара Дауд, ведда, ЯхӀуната волчу веара. Цо ЯхӀунате хаьттира: «Ас хӀун дина? ХӀун харцдерг даьлла соьгара? ХӀун къа латийна ас хьан дена хьалха, иза со вен гӀерттал?»
-
-
-
|1 Samuel 20:2| ЯхӀунатас жоп делира: «Хьо лийр вац! Сан дас жима а, доккха а гӀуллакх соьга олий бен ца до. Ша хьо вен гӀертийла цо сох хӀунда лечкъор дара? И хӀума хӀинца хила йиш йолуш дац!»
-
-
-
|1 Samuel 20:3| Дауда, чӀагӀо а еш, элира: «Хьан дена хууш ду, хьо соьца къаьсттина дика вуйла. Цундела цо шен дагахь боху: „ЯхӀунатина иза хаа йиш яц, цунна хала ца хетийтархьама“. Амма дийна волчу Везачу Элах чӀагӀо йо ас, суний, Ӏожаллиний юккъехь цхьа гӀулч бен цахилар».
-
-
-
|1 Samuel 20:4| ЯхӀунатас Дауде элира: «Хьан даго боххург дийр ду-кх аса».
-
-
-
|1 Samuel 20:5| ТӀаккха Дауда ЯхӀунате элира: «Кхана бутт цӀинбаларан дезде ду. Со паччахьна уллохь шуьнехь Ӏан везаш ву. Амма ахьа со дӀавахийтахьара, кхоалгӀачу дийнан суьйре тӀекхаччалц, со аренгахь къайлавер вара.
-
-
-
|1 Samuel 20:6| Хьан да со бахьана долуш сагатдеш хилахь, ахьа ала деза: „Дауд, соьгара пурба а даьккхина, Байтлахам-гӀала вахана, цигахь шен гергарчара хӀора шарахь цкъа доккхуш долчу сагӀанехь дакъалаца“.
-
-
-
|1 Samuel 20:7| Иза ахьа аьлча, цо „Дика ду“ алахь, хьан лай маьрша ву, амма иза оьгӀазводахь, хьуна хаалахь, цунна зулам даккха дагадеанийла.
-
-
-
|1 Samuel 20:8| Къинхетам бехьа хьайн лех: Везачу Элана хьалха ахьа соьца барт ма бинера. Соьгара хьайна бехке долу хӀума даьллехь, со хӀинццехь вей дӀаваккхахь! Хьайн дена тӀе стенна вуьгу ахь со?»
-
-
-
|1 Samuel 20:9| ЯхӀунатас элира: «Ахьа бохуш дерг хьоьца хила йиш яц. Нагахь санна сан да хьуна тешнабехк бан кечвеллехь, иза аса хьоьга хоуьйтур дацара техьа?»
-
-
-
|1 Samuel 20:10| Дауда ЯхӀунате хаьттира: «Хьан дас хьоьга оьгӀазлонца жоп лахь, иза соьга хаийта мила вогӀур ву?»
-
-
Portugués
Italiano
Español
Inglés
Francés
Arábica
Mandarín
Hindi
Alemán
Делан Йозанаш
