-
|1 Samuel 20:31| Юшайн кӀант дийна мел ву, хьо а, хьан пачхьалкх а лаьттар яц. Иза со волчу схьавалавайта, хӀунда аьлча иза Ӏожаллех вер вац».
-
-
-
|1 Samuel 20:32| ЯхӀунатас Шауле элира: «ХӀунда вуьйш ву иза? Цуьнгара хӀун даьлла?»
-
-
-
|1 Samuel 20:33| ТӀаккха Шаула иза вен дагахь гоьмукъ кхоьссира. Эццахь ЯхӀунатина хиира, Шаула Дауд вен чӀагӀо йинийла.
-
-
-
|1 Samuel 20:34| ЯхӀуната, чӀогӀа оьгӀаз а вахана, хьалагӀаьттира. Бутт цӀинлучу шолгӀачу дийнахь цо яа хӀума ца йиира. Цуьнан бахьана Даудах дог лазар а, шен дас шена йина вас а яра.
-
-
-
|1 Samuel 20:35| Иза, Ӏуьйранна ара а ваьлла, Даудаца ша барт бинчу аренга вахара. Цуьнца цхьа жима кӀант а вара.
-
-
-
|1 Samuel 20:36| Цо кӀанте элира: «Вадий, ваха а гӀой, аса кхуссу долу пхерчий схьалаха». КӀант аренгахула ведда дӀавахара. Амма ЯхӀунатин секхаӀодан пхерчий, цу кӀантана тӀехула а дуьйлуш, дӀаоьхура.
-
-
-
|1 Samuel 20:37| КӀант цо пхерчий охьаэгийначу метте дӀаведира. ЯхӀунатас цунна тӀаьхьа мохь туьйхира: «Хьажал, пха хьуна хьалха Ӏуьллуш бу хьуна».
-
-
-
|1 Samuel 20:38| Юха а кӀантана тӀаьхьа мохь беттара ЯхӀунатас: «Сихха вада! Саца ма саца!» Пхерчий схьа а гулдина, кӀант шен олахочунна тӀевеара.
-
-
-
|1 Samuel 20:39| Цунна иза хӀун ду ца хаьара. Дауданий, ЯхӀунатиний бен ца хаьара цу дешнийн маьӀна.
-
-
-
|1 Samuel 20:40| Шен герз кӀанте дӀа а делла, ЯхӀунатас цуьнга элира: «Вало, гӀала дӀахьо иза».
-
-
Portugués
Italiano
Español
Inglés
Francés
Arábica
Mandarín
Hindi
Alemán
Делан Йозанаш
