-
|1 Samuel 29:1| ПӀелаштамхоша шайн мел долу эскар Апакхахь схьагулдира, ткъа исраилхой ИзраӀал цӀе йолчу гӀалина уллохь долу хьоста долчу дӀахӀиттира.
-
-
-
|1 Samuel 29:2| ПӀелаштамхойн элийн эскар шайн бӀе а, эзар а тӀемало юкъахь волчу тобанашца цхьаьна богӀуш бара, ткъа Дауд шен тӀемалошций, Ахашций цхьаьна тӀаьхьасецна вогӀуш вара.
-
-
-
|1 Samuel 29:3| ПӀелаштамхойн элаша хоьттура: «Уьш хӀун Ӏебархой бу?» Ахаша царна жоп делира: «Шуна ца хаьа, иза Исраилан паччахь волчу Шаулан лай волу Дауд вуй? Иза соьца волу цхьа шо сов зама ю. Иза со волчу веанчу хенахь дуьйна хӀара де тӀекхаччалц суна цхьа а вон хӀума ца даьлла цуьнгара».
-
-
-
|1 Samuel 29:4| Цунна чӀогӀа реза боцуш хьаьвзира пӀелаштамхойн элий. Цара Ахаше элира: «ДӀавахийта и стаг. Ахьа цунна билгалъяьккхинчу меттехь Ӏайта иза. Тхоьца тӀамтӀе а ма ваийта, цунах вайна мостагӀа ма хилийта. ХӀун дина хьостур ду цо шен паччахьан дог? Вайн нах а байина хьостур ду.
-
-
-
|1 Samuel 29:5| Халхарш дечу хенахь цунна-м ца лекхна те: „Шаула эзарнаш байина, ткъа Дауда — итт эзарнаш“, — бохуш йолу йиш?»
-
-
-
|1 Samuel 29:6| Ахаша, Дауд схьа а кхайкхина, элира: «Дийначу Везачу Элах чӀагӀо йо ас: хьо цӀена ву, суна луур дара хьо сайна уллохь хуьлийла. Суна хьоьгара цхьа а вон хӀума а ца даьлла, хьо со волчу веанчу хенахь дуьйна хӀара де тӀекхаччалц. Амма пӀелаштамхойн элашна хьо дика ца хета.
-
-
-
|1 Samuel 29:7| Цундела, элий оьгӀаз ца бахийта, маьрша юхаверза».
-
-
-
|1 Samuel 29:8| Амма Дауда Ахаше элира: «Соьгара хӀун даьлла? ХӀун гина хьуна соьгара, со хьо волчу веанчу хенахь дуьйна хӀара хан тӀекхаччалц? Со ваха мегар дац сан паччахь волчу олахочун мостагӀашца тӀом бан?»
-
-
-
|1 Samuel 29:9| Ахаша Дауде жоп делира: «Теша мегар ду хьуна: сан бӀаьргашна хьалха хьо цӀена ву, Делан малик санна. Амма пӀелаштамхойн элаша: „Вайца иза тӀамтӀе ма ваийта“, — аьлла.
-
-
-
|1 Samuel 29:10| Цундела, Ӏуьйранна хьала а гӀаттий, хьо а, хьоьца баьхкина болу хьан ялхой а сирла йолчу хенахь дӀагӀо».
-
-
Portugués
Italiano
Español
Inglés
Francés
Arábica
Mandarín
Hindi
Alemán
Делан Йозанаш
