1 Samuel


  • |1 Samuel 23:21| Шаула цаьрга элира: «Декъалдина ду шу Везачу Эло, аша сох къинхетам бина дела.

  • |1 Samuel 23:22| Даха а гӀой, иза билггала мичахь ву хьовса. Цунах лаьцна мел дерг а суна схьада, иза мичахь ву а хьовса, хьанна гина а хьовса. Соьга дийцина, иза чӀогӀа хӀилла долуш ву аьлла.

  • |1 Samuel 23:23| Иза мичахь хуьлу, мичахь дӀалечкъа дикка хьовса. Цунах билггала бакъдерг дахьаш схьадуьйла. ТӀаккха со а вогӀур ву шуьца. Иза кху лаьтта тӀехь велахь, аса лохур ву, массо а ЯхӀуд-махкахь болчу доьзалшна юкъахь лаха везахь а».

  • |1 Samuel 23:24| Уьш Шаулал хьалха Зипе дӀакхечира. Ткъа Дауд шеца болчу нахаца МаӀун олучу яьссачу аренгахь вара. И аре Яшимунара дӀа къилбехьа, Ӏариба-тогӀенахь, Ӏуьллуш яра.

  • |1 Samuel 23:25| Шаул шеца болчу нахаца цхьаьна иза лаха вахара. Амма Дауде хаам бинера цунах лаьцна, цундела иза аренгахь лаьтташ йолчу тарх тӀе а вахана, МаӀун-аренгахь сецира. Иза шена хиъча, Шаул Даудана тӀаьхьа МаӀун-аренга вахара.

  • |1 Samuel 23:26| Шаул ломан цхьана агӀонгахула дӀавоьдуш вара, ткъа Дауд шен накъосташца вукху агӀор вара. Дауд сихвелла Шаулах къаьхкина воьдуш вара, ткъа Шаул шеца болчаьрца, ломана го баккхале хьалха, уьш схьалаца воьдуш вара.

  • |1 Samuel 23:27| Эццахь Шаул волчу геланча кхечира, иштта хаам бахьаш: «Сихха схьавола! ПӀелаштамхой вайн махкана тӀелетта!»

  • |1 Samuel 23:28| И хаам шега схьакхаьчначул тӀаьхьа, Шаул пӀелаштамхошна дуьхьал вахара, Даудана тӀаьхьаваьллачуьра дӀа а ваьлла. И меттиг цундела, СилаӀ-ХӀамахьлекхут аьлла, цӀе тиллина ю (иза «декъаран тарх» бохург ду).


COOKIES

Usamos cookies para brindarle una mejor experiencia, mejorar el rendimiento, analizar cómo interactúa en nuestro sitio web y personalizar el contenido. Al utilizar este sitio web, acepta el uso de cookies.

Datos Esenciales

Se necesitan datos esenciales para ejecutar el sitio web que está visitando. No puede deshabilitarlos.