Levítico


  • |Levítico 26:1| «Шайна цӀуш ма бе, лалийна цӀуш а, харцделанашна хӀиттийна тӀулгаш а, тӀулгех хедийна цӀуш а ма хӀиттабе, царна Ӏибадат дархьама, хӀунда аьлча Со шун Веза Дела ву.

  • |Levítico 26:2| Суна лерина шоьтан денош лар а де, Суна Ӏибадат до меттиг а лара: Со Веза Эла ву.

  • |Levítico 26:3| Нагахь Сан парзашца шу лелахь, Сан весеташ, лар а деш, аш кхочушдахь,

  • |Levítico 26:4| Ас шен хеннахь догӀанаш доуьйтур ду шуна, тӀаккха лаьтто ялта а, арарчу дитташа шайн стоьмаш а лур бу.

  • |Levítico 26:5| Кемсаш схьайоху хан тӀекхаччалц шайн ялта орур ду аша, ткъа кемсаш ялта дӀаделлалц схьайохур ю аша. Дуззалц шайн бепиг а дууш, шайн махкахь паргӀат Ӏийр ду шу.

  • |Levítico 26:6| Шун махкахь машар хӀоттор бу Ас. ПаргӀат дӀадуьйшур ду шу, цхьаммо а шуна новкъарло йийр яц. Къиза акхарой шун лаьтта тӀера дӀалохкур ю Ас, тӀом шун махкахь кхин могуьйтур бац.

  • |Levítico 26:7| Шайн мостагӀий лохкур бу аша, шун тарраша эгор бу уьш.

  • |Levítico 26:8| Шух пхеаммо бӀе эккхор ву, бӀеммо итт эзар лоллур ву, шун тарраша эгор бу и мостагӀий.

  • |Levítico 26:9| Шун терго йийр ю Ас, шу доьбуьйтур ду, дуккха а бераш а хуьлуьйтуш. Вай бинчу барта тӀехь Со чӀогӀа лаьттар ву.

  • |Levítico 26:10| Шарахь а сов даъал хир ду шун ялта, керла ялта чуэцча, шираниг дӀакхуссур ду аша.


COOKIES

Usamos cookies para brindarle una mejor experiencia, mejorar el rendimiento, analizar cómo interactúa en nuestro sitio web y personalizar el contenido. Al utilizar este sitio web, acepta el uso de cookies.

Datos Esenciales

Se necesitan datos esenciales para ejecutar el sitio web que está visitando. No puede deshabilitarlos.