Levítico


  • |Levítico 5:1| «Нагахь стаг, цхьа хӀума гина я цунах лаьцна хезна, теш велахь, шена хуучух чӀагӀо е аьлча, цо иза ца яхь, тӀаккха иза бехке ву, цо жоп дала деза.

  • |Levítico 5:2| Стаг хьарам йолчу хӀуманах дӀахьакхавала тарло. Хуьлийла иза делла хьарам экха, я хьарам хьайба, я хьарам текхарг, стагана ша цунах дӀахьакхавеллий ца хаахь а, иза бехке а, Далла хьалха боьха а ву.

  • |Levítico 5:3| Адамца доьзна долчу муьлххачу а Далла хьалха цӀена доцучу хӀуманах, шена а ца хууш, стаг хьакхавеллехь, амма тӀаьхьа цунна и хиънехь а, иза бехке ву.

  • |Levítico 5:4| Ойла а ца еш, цхьа хӀума дийр ду аьлла, чӀагӀо ян там бу стага. И хӀума вон я дика хила мега — башхо яц. Стага ца хууш чӀагӀо яхь, амма цунна иза юха дагайоггӀушехь цуьнан бехк хир бу.

  • |Levítico 5:5| Нагахь санна стага оцу дийцинчех цхьа къа латийнехь, цо нахана хьалха даре дан деза шегара даьллачунна.

  • |Levítico 5:6| Ша латийначу къинна, гӀуда санна, цо Везачу Элана лерина сагӀа даккха деза, уьстагӀ я газа а ейтина. Иштта динан дас цу стага латийна къа дӀадоккхур ду.

  • |Levítico 5:7| Нагахь санна шен уьстагӀ бен таро яцахь, Везачу Элана лерина ши кхокха (я ши къоркхокха) гӀуда санна бан беза цо, цхьа кхокха къинан сагӀина, ткъа важа дагоран сагӀа санна.

  • |Levítico 5:8| И ши кхокха динан дега дӀабала беза. Цо къинан сагӀина болчу кхокханан лаг хадор ду, амма корта схьабоккхур бац.

  • |Levítico 5:9| Оцу кхокханан цӀий цо сагӀа доккхучу кхерчан агӀонах тухур ду, ткъа диснарг кхерчан когашна улло охьадуттур ду. Иза къинна дуьхьал даьккхина сагӀа хир ду.

  • |Levítico 5:10| ШолгӀа кхокха дагоран сагӀа доккхуш багор бу динан дас, тӀедиллина ма-хиллара. Иштта динан дас цу стага латийна къа дӀадоккхур ду, тӀаккха цунна Дала гечдийр ду.


COOKIES

Usamos cookies para brindarle una mejor experiencia, mejorar el rendimiento, analizar cómo interactúa en nuestro sitio web y personalizar el contenido. Al utilizar este sitio web, acepta el uso de cookies.

Datos Esenciales

Se necesitan datos esenciales para ejecutar el sitio web que está visitando. No puede deshabilitarlos.