-
|Levítico 13:1| Везачу Эло Мусага а, АхӀароне а элира:
-
-
-
|Levítico 13:2| «Нагахь цхьаннан дегӀа тӀехь кхераме чкъуран цамгар хила йиш йолу дестар я хьаьтт, я томмагӀа хилахь, иза динан дена АхӀаронна я динан да волчу цуьнан кӀентех цхьанна тӀе вало веза.
-
-
-
|Levítico 13:3| Динан да дегӀа тӀехь долчу доӀе хьожур ву. ДоӀа тӀехь долу чоьш кӀай а делла, даӀ чкъурал кӀоргга чудаханехь, иза кхераме чкъуран цамгар ю. Цу стаге хьаьжначул тӀаьхьа динан дас иза Далла хьалха боьха хилар дӀахоуьйтур ду.
-
-
-
|Levítico 13:4| Нагахь дегӀа тӀера томмагӀа кӀайн делахь, амма чкъурал чудахана а дацахь, ткъа цунна тӀера чоьш кӀайделла а дацахь, иштта стаг динан дас ворхӀ денна нахах дӀакъасто веза.
-
-
-
|Levítico 13:5| ВорхӀалгӀачу дийнахь динан да цуьнга хьожур ву. ДаӀ, дегӀа тӀехула дӀаса а ца даьржаш, ша ма-дарра лаьтташ делахь, динан дас кхин а ворхӀ денна нахах дӀакъастор ву даӀ долу стаг.
-
-
-
|Levítico 13:6| ВорхӀалгӀачу дийнахь динан да цуьнга юха а хьожур ву. Нагахь даӀ, жимма бен хаалуш а доцуш, дегӀа тӀехула дӀаса ца даьржинехь, динан дас и стаг Далла хьалха цӀена хилар дӀахоуьйтур ду. ДегӀа тӀехь ерг хьаьтт ю, цу стага шен бедарш йитта еза, тӀаккха иза цӀена хир ву.
-
-
-
|Levítico 13:7| Нагахь стаг динан дена тӀе ша Далла хьалха цӀена хилар дӀахаийта веанчул тӀаьхьа, хьаьтт дегӀа тӀехула дӀасаяьржинехь, цомгушниг юха а динан дена тӀеван веза.
-
-
-
|Levítico 13:8| Хьаьтт дегӀа тӀехула дӀасаяьржаш юйла а гина, динан дас и стаг Далла хьалха цӀена цахилар дӀахоуьйтур ду. Иза кхераме чкъуран цамгар ю.
-
-
-
|Levítico 13:9| Нагахь цхьаннан дегӀа тӀехь кхераме чкъуран цамгар елахь, иза динан дена тӀевало веза.
-
-
-
|Levítico 13:10| Динан дас иза толлур ву. Нагахь дегӀа тӀера йистина меттиг кӀайн елахь, ткъа дестаро чоьш кӀайдинехь, ткъа дестар долчохь гуш жижиг а делахь,
-
-
Portugués
Italiano
Español
Inglés
Francés
Arábica
Mandarín
Hindi
Alemán
Делан Йозанаш
