Levítico


  • |Levítico 27:1| Везачу Эло Мусага элира:

  • |Levítico 27:2| «ДӀаала исраилхошка: „Нагахь ахь, стагах мах а луш, Везачу Элана и стаг лерина хилийта нигат дахь,

  • |Levítico 27:3| бала беза мах ткъа шарна тӀера кхузткъа шарна тӀекхаччалц волчу стагах шовзткъе итт шекхал дато ахча хир бу, Езачу Меттигехь лелаш болчу шекхалан бараме хьаьжжина.

  • |Levítico 27:4| Нагахь иза зуда елахь, ахь хӀоттийна мах ткъе итт шекхал хир бу.

  • |Levítico 27:5| Пхеа шарна тӀера ткъа шарна тӀекхаччалц волчу стеган мах ткъа шекхал, зудчун мах итт шекхал хир бу.

  • |Levítico 27:6| Цхьана батта тӀера пхеа шарна тӀекхаччалц волчу кӀентан мах пхи шекхал дети, йоӀан мах кхо шекхал дети хир бу.

  • |Levítico 27:7| Кхузткъа а, кхин сов а шераш долчу стеган мах пхийтта шекхал, зудчун мах итт шекхал хир бу.

  • |Levítico 27:8| Нагахь стаг къен а хилла, ахь хӀоттийна мах бала цуьнан таро яцахь, динан дена тӀевига иза. Нигат динчу стеган хьоле хьаьжжина, динан дас мах хадор бу цуьнан.

  • |Levítico 27:9| Нагахь Везачу Элана нигат динарг Цунна сагӀа даккха могуьйту даьхни делахь, цу даьхних дерриг а Везачу Элана деанарг деза а хир ду, Цунна дӀакъастийна а хир ду.

  • |Levítico 27:10| Кхечу хӀуманца иза хийца мегар дац. СагӀина деана диканиг вочух я вониг дикачух а хийца мегар дац. Нагахь цхьа дийнат кхечуьнца хийцахь, и ший а деза хир ду, Везачу Элана дӀакъастийна а хир ду.


COOKIES

Usamos cookies para brindarle una mejor experiencia, mejorar el rendimiento, analizar cómo interactúa en nuestro sitio web y personalizar el contenido. Al utilizar este sitio web, acepta el uso de cookies.

Datos Esenciales

Se necesitan datos esenciales para ejecutar el sitio web que está visitando. No puede deshabilitarlos.