Levítico


  • |Levítico 10:1| АхӀаронан кӀенташа, Надаба а, АбихӀус а, хӀораммо а богуш болу кӀора дӀасабахьа шен ной схьа а эцна, цу чу цӀе а, хаза хьожа йогӀу хӀума а йиллира. Амма Цунна хьалха цара еана цӀе хийра яра, хӀунда аьлча Везачу Эло царна тӀе ца диллинера ишттаниг дан.

  • |Levítico 10:2| ЦӀеххьана Везачу Элера цӀе елира, ткъа оцу цӀеро уьш дӀакхаьллира. Иштта и шиъ Везачу Элана хьалха велира.

  • |Levítico 10:3| Мусас элира АхӀароне: «ХӀара дара Везачу Элана ала лууш хилларг, Цо иштта аьлча: „Суна уллохь болчара Со Веза хилар лара деза, ткъа дерриг а халкъана хьалха Сан сийлалла къобалдан деза“». Амма АхӀарон вист а ца хуьлура.

  • |Levítico 10:4| АхӀаронан девешин Ӏузиалан шина кӀанте, Мишаале а, Элцапане а, схьа а кхайкхина, Мусас элира: «Даха а гӀой, шайн шичой Делан цӀенна чуьра меттаматтал арахьа дӀахьо».

  • |Levítico 10:5| ДӀа а вахана, динан дайн духарш тӀехь долу белларш меттаматтал арахьа дӀабаьхьира цу шиммо, Мусас шайна тӀе-ма-диллара.

  • |Levítico 10:6| АхӀароне а, цуьнан шина кӀанте, ЭлиӀазаре а, Итамаре а, Мусас элира: «Сингаттаман билгалонна шайн коьртара месаш низам доцуш ма хилийта, духарш а ма этӀаде, шаьш ца далийта а, халкъана тӀе Делан оьгӀазалла ца яийта а. Амма шун вежарий долу дерриг а Исраилан халкъ Везачу Эло латийначу цӀеро багийначарна тийжа мегар ду.

  • |Levítico 10:7| Гуламан четарна чуволучунна уллора дӀа ма довла, шаьш хӀаллак ца дайта, хӀунда аьлча шуна тӀехь Везачу Элера долу вазваран даьтта ду». Мусас ма-аллара, кхочушдира дерриг а.

  • |Levítico 10:8| Везачу Эло АхӀароне элира:

  • |Levítico 10:9| «Гуламан четарна чудоьлхуш чагӀар а, вахош долу маларш а ма мала ахьа а, хьан кӀенташа а, шаьш хӀаллак ца дайта. Шун тӀаьхьенна гуттаренна а тӀедуьллуш ду иза,

  • |Levítico 10:10| шуьга дезаниг деза доцучух а, Далла хьалха цӀенаниг Цунна хьалха боьхачух а къастадайта а,


COOKIES

Usamos cookies para brindarle una mejor experiencia, mejorar el rendimiento, analizar cómo interactúa en nuestro sitio web y personalizar el contenido. Al utilizar este sitio web, acepta el uso de cookies.

Datos Esenciales

Se necesitan datos esenciales para ejecutar el sitio web que está visitando. No puede deshabilitarlos.