-
|Levítico 2:1| «Нагахь цхьанна кӀен сагӀа даккха лаахь, кӀенах дина тоьлла дама схьа а дай, цу тӀе зайтдаьтта а дотта, ливан цӀе йолу сегӀаз а дилла цо.
-
-
-
|Levítico 2:2| И сагӀа динан дай болчу АхӀаронан кӀенташна тӀе дан деза. Деман цхьа кана, цуьнца долчу зайтдаьттанца схьа а эцна, дерриг а ливанаца иза сагӀа доккхучу кхерча тӀехь багор бу динан дас. Дерриг а дама Везачу Элана сагӀина дӀаделла хиларан билгало хир ю иза. ЦӀера тӀехь доккхуш долчу оцу сагӀин хьожа Везачу Элана тамехь хир ю.
-
-
-
|Levítico 2:3| КӀен сагӀанах бухадиснарг АхӀаронна а, цуьнан кӀенташна а дала деза. Иза чӀогӀа деза ду, Везачу Элана леринчу цӀера тӀехь даьхначу сагӀанех иза схьаэцна долу дела.
-
-
-
|Levítico 2:4| Нагахь санна пешахь деттина кӀен сагӀа ахь доккхуш делахь, иза тоьллачу демах дина хила деза: зайтдаьтта тоьхна совсаза бепиг я тӀе зайтдаьтта хьаькхна дуткъа совсаза хьокхамаш хила деза.
-
-
-
|Levítico 2:5| Нагахь хьан кӀен сагӀа кхийрачу пхьегӀи тӀехь деттина делахь, иза зайтдаьтта тоьхначу демах совсаза дина хила деза.
-
-
-
|Levítico 2:6| Бепиг дакъошка а декъий, цунна тӀе зайтдаьтта дотта. Иза Везачу Элана лерина кӀен сагӀа ду.
-
-
-
|Levítico 2:7| Нагахь хьан кӀен сагӀа ялгӀу тӀехь деттина бепиг делахь, иза зайтдаьттанца долчу тоьллачу кӀен демах дина хила деза.
-
-
-
|Levítico 2:8| Иштта кечдина кӀен сагӀа Везачу Элана схьада. Динан дега дӀакховдаде иза, цо кхерча тӀе дуьллур ду и сагӀа.
-
-
-
|Levítico 2:9| Динан дас, схьа а эцна, кхерча тӀехь сагӀин цхьа дакъа дагор ду. Дерриге а Везачу Элана сагӀина дӀаделла хиларан билгало хир ю иза. Цу сагӀин хьожа Везачу Элана тамехь ю.
-
-
-
|Levítico 2:10| КӀен сагӀанах бухадиснарг АхӀаронна а, цуьнан кӀенташна а дала деза. Иза чӀогӀа деза ду, Везачу Элана леринчу цӀера тӀехь даьхначу сагӀанех иза схьаэцна долу дела.
-
-
Portugués
Italiano
Español
Inglés
Francés
Arábica
Mandarín
Hindi
Alemán
Делан Йозанаш
