Levítico


  • |Levítico 9:1| БорхӀалгӀачу дийнахь АхӀарон а, цуьнан кӀентий а, исраилхойн къаной а схьакхайкхира Мусас.

  • |Levítico 9:2| Цо элира АхӀароне: «Цхьа а сакхт доцу старгӀа а, ка а балабе Везачу Элана хьалха хӀотто. Старах къинан сагӀа даккха, ткъа коьмах дийнаташ дагоран сагӀа даккха.

  • |Levítico 9:3| Исраилхошка ала: „Къинан сагӀа даккха бож а, дийнаташ дагоран сагӀа даккха цхьа а сакхт доцу шо кхаьчна шинар а, оццул хан йолу цхьа а сакхт доцу Ӏахар а балабе.

  • |Levítico 9:4| Везачу Элана хьалха бертан сагӀа даккхархьама, сту а, ка а балабе, ткъа иштта даьттанца эдина кӀен сагӀа а даккха, хӀунда аьлча тахана шуна Веза Эла гучувер ву“».

  • |Levítico 9:5| Мусас да аьлла тӀедиллинарг гуламан четарна дуьххьал охьа а диллина, Везачу Элана хьалха хӀоьттира дерриг а халкъ.

  • |Levítico 9:6| Мусас элира: «Везачу Эло тӀедиллинарг дерриг а кхочушдан деза аш, тӀаккха Везачу Элан олаллин нур схьахӀуттур ду шуна».

  • |Levítico 9:7| АхӀароне Мусас элира: «СагӀа доккхучу кхерчана тӀе а гӀой, хьайна тӀера къинан сагӀа а даккха, дийнаташ дагоран сагӀа а кхочушде, ахьа а, халкъо а летийна къинош дӀадахархьама. Халкъо деана совгӀаташ схьаэца, наха летийна къинош дӀадахархьама, Везачу Эло тӀе-ма-диллара».

  • |Levítico 9:8| Кхерчана тӀе а вахана, шена тӀера, къинан сагӀина лерина, старана урс хьаькхира АхӀарона.

  • |Levítico 9:9| КӀенташа цӀий деара АхӀаронна тӀе, цу чохь шен пӀелг а башийна, кхерчан маӀашна тӀе хьаькхира цо, ткъа дисина цӀий кхерчан буьхе охьадоьттира.

  • |Levítico 9:10| Къинан сагӀанах йолу мохь а, жаннаш а, доӀаха тӀера мохь а кхерча тӀехь ягийра цо, Везачу Эло Мусана тӀе-ма-диллара,


COOKIES

Usamos cookies para brindarle una mejor experiencia, mejorar el rendimiento, analizar cómo interactúa en nuestro sitio web y personalizar el contenido. Al utilizar este sitio web, acepta el uso de cookies.

Datos Esenciales

Se necesitan datos esenciales para ejecutar el sitio web que está visitando. No puede deshabilitarlos.