-
|Levítico 18:1| Везачу Эло Мусага элира:
-
-
-
|Levítico 18:2| «ДӀаала исраилхошка: „Со шун Веза Дела ву.
-
-
-
|Levítico 18:3| Шаьш хьалха Ӏийначу Мисар-махкахь хилларг а, хӀинца Ас шаьш дуьгучу КанаӀан-махкахь лелош дерг а ма леладелаш, церан ламасташ а тӀе ма эцалаш.
-
-
-
|Levítico 18:4| Ас тӀедиллинарг кхочушде, Сан парзаш ларде. Со шун Веза Дела ву.
-
-
-
|Levítico 18:5| Сан парзаш а, Ас тӀедиллинарг а ларде. Уьш кхочушдийриг цаьрца вехар ву. Со Веза Эла ву.
-
-
-
|Levítico 18:6| Цхьа а стаг шен гергарчу зудчуьнца дӀавижа мегар дац. Со Веза Эла ву.
-
-
-
|Levítico 18:7| Хьайн да сийсаз ма ваккха, хьайн ненаца дӀа а вуьжуш. И зуда хьан нана ю, цуьнца дӀавижа мегар дац.
-
-
-
|Levítico 18:8| Хьайн ден кхийолчу зудчуьнца а дӀа ма вижа. Иза хьайн деца дӀавижар санна ду.
-
-
-
|Levítico 18:9| Хьайн ден я ненан йоӀаца, хьайн йишица, дӀа ма вижа — иза хьайн цӀахь я кхечу меттехь йина елахь а.
-
-
-
|Levítico 18:10| Хьайн кӀентан я йоӀан йоӀаца дӀа ма вижа. И дарца ахь-хьо сийсаз ма воккху.
-
-
Portugués
Italiano
Español
Inglés
Francés
Arábica
Mandarín
Hindi
Alemán
Делан Йозанаш
