-
|Levítico 6:1| Везачу Эло Мусага элира:
-
-
-
|Levítico 6:2| «Цхьаммо, Везачу Элана хьалха цатешаме а хуьлуш, къа лато тарло. Масала, цунах тешна цхьа хӀума йитина я цхьана ханна дӀаелла хилла, ткъа цунах лаьцна цуьнан уллораниг Ӏехо тарло цо. Я, масала, цхьа хӀума шен уллорачух лачкъийна цо. Я цхьаъ леван тарло цо.
-
-
-
|Levítico 6:3| Я цхьа хӀума а карийна, иза къайладаккха тарло цо. Я муьлххачу а шегара даьллачу къинах цо харцдуй баа тарло, цу бахьанина къа а латош.
-
-
-
|Levítico 6:4| Оцу тайпана къа а латийна, бехке волчу стага ша лачкъийнарг, я схьадаьккхинарг, я шега делларг, я шена карийнарг,
-
-
-
|Levítico 6:5| я шех лаьцна харцдуй биъна хӀума юхадала деза. ДогӀург дерриг дӀа а делла, цу тӀе пхоьалгӀа дакъа тоха деза цо. ГӀуда такхаран сагӀа доккхучу дийнахь цу хӀуманан дега дӀадала деза цо иза.
-
-
-
|Levítico 6:6| Шен бехк хиларна цу стага Везачу Элана лерина гӀуда такхаран сагӀа даккха деза. Динан да волчу цхьа а сакхт доцу а, богӀучу мехах болу а ка бало беза цо.
-
-
-
|Levítico 6:7| Иштта Везачу Элана хьалха динан дас цу стага латийна къа дӀадоккхур ду, тӀаккха Дала цуьнгара девллачу дерриге а къиношна гечдийр ду цунна».
-
-
-
|Levítico 6:8| Везачу Эло Мусага элира:
-
-
-
|Levítico 6:9| «АхӀароне а, цуьнан кӀенташка а дӀаала: дийнаташ дагоран сагӀанах долу тӀедуьллург ду хӀара. Кхерча тӀехь дагош долу дийнаташ буьйсанна сахиллалц цӀера тӀехь дита деза, кхерчан цӀе а, ца йовш, яга езаш ю.
-
-
-
|Levítico 6:10| Динан дас чухула а, тӀехула а дуткъачу кӀадих йина бедарш юха еза. Кхерча тӀера дийнат дагийна бисна чим, схьа а эцна, кхерча улло охьабилла беза цо.
-
-
Portugués
Italiano
Español
Inglés
Francés
Arábica
Mandarín
Hindi
Alemán
Делан Йозанаш
