Levítico


  • |Levítico 13:21| Нагахь доӀа тӀера чоьш кӀайделла а дацахь, иза, чкъурана чудахна а доцуш, жимма бен гуш дацахь, динан дас цомгушниг ворхӀ денна нахах дӀакъастор ву.

  • |Levítico 13:22| Нагахь даьӀнаш дегӀа тӀехула чӀогӀа дӀасадаржахь, динан дас цомгушниг Далла хьалха цӀена цахилар дӀакхайкхор ду. Иза кхераме цамгар ю.

  • |Levítico 13:23| Нагахь томмагӀа, дӀаса а ца даьржаш, цхьана меттехь дисахь, иза дегӀа тӀе яьлла хӀума юзуш хилар ду. Динан дас и стаг Далла хьалха цӀена хилар дӀакхайкхор ду.

  • |Levítico 13:24| Нагахь цхьаннан чкъура тӀехь вагийна меттиг хилахь, юха, иза дӀайирзича, цигахь долчу жижиг тӀехь цӀегӀо-кӀайн томмагӀа а хилахь,

  • |Levítico 13:25| цу томмагӀана тӀера чоьш кӀай а деллехь, ткъа иза ша чкъурана чудахна а делахь, иза кхераме чкъуран цамгар ю, ягийначу меттигна тӀехь хилла. Динан дас Далла хьалха и стаг цӀена цахилар дӀакхайкхор ду. Цунна ерг кхераме чкъуран цамгар ю.

  • |Levítico 13:26| Нагахь томмагӀана тӀера чоьш кӀайделла а дацахь, иза, чкъурана чудахна а доцуш, жимма бен гуш а дацахь, динан дас цомгушниг ворхӀ денна нахах дӀакъастор ву.

  • |Levítico 13:27| ВорхӀалгӀачу дийнахь динан да хьожур ву цу стаге. Нагахь даьӀнаш дегӀа тӀехула дӀасадаьржаш делахь, динан дас цомгушниг Далла хьалха цӀена цахилар дӀакхайкхор ду. Цунна ерг кхераме чкъуран цамгар ю.

  • |Levítico 13:28| Нагахь томмагӀа, дегӀа тӀехула дӀаса а ца даьржаш, цхьана меттехь делахь, жимма бен гуш а доцуш, иза ягийначу меттехь долу дестар ду. Динан дас и стаг Далла хьалха цӀена хилар дӀакхайкхор ду, хӀунда аьлча цунна дерг вагийча дисина дестар ду.

  • |Levítico 13:29| Нагахь стеган я зудчун коьрта тӀехь я чӀенгана тӀехь даӀ хилахь,

  • |Levítico 13:30| динан да цамгаре хьожур ву. ДаӀ чкъурана чудахна а долуш, цу тӀера чоьш мажделла а, дуткъий а делахь, динан дас и адамаш Далла хьалха цӀена цахилар дӀакхайкхор ду. Иза чераш долу кхераме чкъуран цамгар ю, коьрта тӀехь я чӀенгана тӀехь йолу.


COOKIES

Usamos cookies para brindarle una mejor experiencia, mejorar el rendimiento, analizar cómo interactúa en nuestro sitio web y personalizar el contenido. Al utilizar este sitio web, acepta el uso de cookies.

Datos Esenciales

Se necesitan datos esenciales para ejecutar el sitio web que está visitando. No puede deshabilitarlos.