Levítico


  • |Levítico 26:11| Сайн Ӏаш йолу меттиг шуна юкъахь дӀахӀоттор ю Ас, шух дӀавоьрзур вац Со.

  • |Levítico 26:12| Шуна юкъахь лелаш, шун Дела хир ву Со, ткъа шу Сан халкъ хир ду.

  • |Levítico 26:13| Шу, леш а хилла, ца дитархьама, Мисар-махкара арадаьхна волу шун Веза Дела ву Со. Шуна тӀехь хилла лоллин дукъ а кагдина, кхечу къаьмнашна муьтӀахь хиллачуьра Аса шу паргӀатдехира».

  • |Levítico 26:14| «Нагахь Ас бохург а ца деш, дерриг а хӀара весеташ аш кхочуш ца дахь,

  • |Levítico 26:15| нагахь Сан парзаш дӀа а теттина, Ас тӀедиллинчух а ца дешаш, Сан весеташ кхочуш а ца деш, Соьца бина барт а талхош, шу лелахь,

  • |Levítico 26:16| Ас шуна таӀзар дийр ду. Кхерам а, хӀоралла а, дагар а хоьцур ду Ас шуна тӀе. Цара шун бӀаьрса а гӀелдийр ду, синош а бӀарздийр ду. Аш ялта дӀадер эрна хир ду, шун мостагӀаша иза дуур долу дела.

  • |Levítico 26:17| Ас Сайн оьгӀазло шуна дуьхьал яссор ю, тӀаккха шу мостагӀаша эшор ду. Шуна тӀехь олалла дийр ду цара. Шу довдур ду, тӀаьхьаваьлла цхьа вацахь а.

  • |Levítico 26:18| Оцу массо а гӀуллакхел тӀаьхьа аш Соьга ла ца догӀахь, шун къиношна Ас ворхӀазза сов таӀзар дийр ду шуна.

  • |Levítico 26:19| Шун чӀагӀъелла куралла йохор ю Ас, стигало догӀанан тӀадам а лур бац шуна, латта, тӀулг санна, чӀагӀлур ду шун.

  • |Levítico 26:20| Эрна хир ду аша къахьегар, лаьтто ялта лур дац шуна, дитташа стоьмаш а лур бац.


COOKIES

Usamos cookies para brindarle una mejor experiencia, mejorar el rendimiento, analizar cómo interactúa en nuestro sitio web y personalizar el contenido. Al utilizar este sitio web, acepta el uso de cookies.

Datos Esenciales

Se necesitan datos esenciales para ejecutar el sitio web que está visitando. No puede deshabilitarlos.